ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьхьарчу дийнахь-бусий COVID-19-х уггар дукха адам делла Америкехь


Америка, Нью-Йорк, COVID-19 вирус кхетта зуда ялийна Бруклинерчу дарбан цIийне
Америка, Нью-Йорк, COVID-19 вирус кхетта зуда ялийна Бруклинерчу дарбан цIийне


Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь коронавирусан ун кхетта тIаьхьарчу дийнахь-бусий велла 1800 стаг, хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо. Оццул дукха нах цхьана дийнахь белла бацара Америкехь эпидеми йолалчхьана.

ХIопкинс Джонан университето арахецначу хаамца, верриг а Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь велла 13 эзар ун даьлларш. Коронавирус хьакхаелла ву 398 эзар сов стаг. Иза уггар лакхара гайтам бу коронавирус кхетарехула кху дуьненехь.

Оццу хенахь Американ президента Трамп Доналда Вашингтонехь зорбан конференцехь дIахьедар дина цу цамгаран лакхене кхочуш ю пачхьалкх аьлла. Трампа дийцарехь, цуьнан лаам бу мехкан экономика гергарчу хенахь шен даима хуьлучу роже юхаерзийтар.

Карарчу хенахь дуьнентIехь COVID-19 вирус хьакхаелла ву 1 миллион 400 эзар стаг. Коронавирус дерриг а дуьненехула яржа йолаеллачу Кийтаqy Ухань гIалахь дIакхайкхийна 11 баттахь лаьттинчул тIаьхьа луьра карантин дIаерзорах лаьцна.

Америкерчу Вашингтон штатерчу Сиэтлан Университетан IHME институто (Institute for Health Metrics and Evaluation ) арахецна цхьамоггIа пачхьалкхехь COVID-19 вирусах лийр долчу адамийн терахьашца доьзна Iилмане диллина хиндерг схьадийцар, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Британерчу Guardian газето анализ йина цунна. Иштта, цу талламца а догIуш, уггар дукха адам дала мегаш ду Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь – 82 эзар стаг эпидеми йолаелчхьана.

Европерчу пачхьалкхашна юкъахь уггар дукха адам лийр ду Британехь – 66 эзар сов стаг. Иза 40% ю Европехь COVID-19 вирусах лийр долчу адамийн терахьан. Британино оцу статистикехь тIаьхьаюьтур ю Итали а, Испани а. Цу шина пачхьалкхехь лийр ву 20 эзар гергга вахархо хIораннехь а. Генна тIаьхьа юьсуш ю царна Германи. Марсхьокху-бутт тIекхочуш цигахь лийр ву 9 эзар вахархо.

IHME институтан говзанчаша шайн лараршна бухе диллина ду маситта хIума, шайна юкъахь Италехь а, Испанехь а эпидеми яржарца доьзнарг а, кхечу пачхьалкхашкахь иза яржаран динамика а, карантинца йоьзна гIулчаш яхаран сихалла а, эпидеми чIагIеллачу деношкахь вочу хьолехь болу нах охьабахка дарбан хIусамашкахь маьнгеш кечдар а долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG