ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нью-Йоркехь эпидемина юккъехь даьккхина цхьа де


Материалан автор казахийн Азаттык сервис

Казахийн Азаттык Радион корреспонденто дуьйцу, ша а, Нью-Йорко а коронавирусан эпидеми иккхинчу муьрехь йоккхучу хенах.

БАЛХА ЯХАР

Маска. Куьйгех хьокху антисептик. Каранаш. Изза бу тахана ас сайца схьаоьцу гIирс, и боцуш чуьра араяла йиш яц. Сан белхан барзакъ дIо юьстахчу сонехь Iуьллу, ши кIира а ду цунах ас пайда ца оьцу. Болх сецна бац сан, делахь а дерриг а кхечу тайпа ду.

Катуххий кечам а бой, ураме йолу со, ткъа цигахь - тиналла. Даим машенийн раьгIнаш лаьттачу светофорна хьалха вилспетахь цхьа стаг ву, иза а маса дIаэккха адамех десачу урамашкахула. Экипировка ю цунна тIехь а - маска а, каранаш а.

Нью-Йоркерчу Таймс-скверехь дехьадуьйлу адамаш
Нью-Йоркерчу Таймс-скверехь дехьадуьйлу адамаш

Нью-Йоркехь кхин дIоггара адамех юьзна йоцу, дIатесна меттиг лору Стейтен Айлен хIинца боккъал а дIатесна а, еса а хетало. Туьканаш къевлина ю, цхьа наггахь бен адам ца го урамашкахь, ткъа дIасахоьхку машенаш-м пIелгаш тIехь а ягарйойла ду.

Айса болх бечу банкна герга кхочу со - клиентийн паркингехь цхьа а машен яц. Чуоьхучу нахана лерина неIарш официалехь йиллина ю, амма хIара-м цхьа формале хIума ду.

Чохь тIетаьIIина беш болх бу, схьаетта саццанза телефонаш. Дукхахболчу клиенташа телефонехула дуьйцу шайн гIуллакх, чуьра ара а ца бовлуш. Цхьаберш денна банке оьху.

Кеп-кепара ду церан лелар. Цхьаъ чIогIа воьхна хуьлу, шен куьйгех а, ша дIа мел Iотталучу меттигна а саццанза антисептик а хьоькхуш. Къамел деш а дистанци латтайо цо юкъахь, са ца даIа а гIерта. Бу царлахь COVID-19 ма юьйццу кхераме яц аьлла, тешна берш а.

ОФИСЕХЬ

ХIора денна схьахеза коронавирусах беллачу тхан клиентех, я церан гергарчех хаамаш. Ойла йохайо, чIогIа сагатдо цу хаамаша. Дукха хьолахь, белларш 70 шарал тIехбевлларш бу. Цхьана клиенто дийцира, шен ден хене хьаьжча могушалла дика яра цуьнан, цIахь вара иза даим а, чуьра араволуш а вацара, карантин кхайкхаяле хьалха а. Амма цуьнга хьажа цхьана дийнахь гергарнаш баьхкинера боху цо...

Коллегаш а саготта бу. Цхьана агIор, белхазалла ю бохуш, хьере хаамаш хезачу заманчохь, уьш баккхийбе, шайн болх хиларна. Вукху агIор - массеран а доьзалш бу, ткъа офисехь боккха кхерам бу ун дала.

Делкъанна хIума кхалла луларчу пиццери чуйоьду со. Арахь яа бен схьаэца йиш яц иза. Кафе чохь болх беш цхьа стаг ву - долахо. Касси хьалха лаьтташ стол ю, клиентна а, кассирна а юкъахь доза дуьтуш. "Социальная дистанция" аьлла йоза ду цу тIехь.

Юург йохъечу ханна, телефон чу хьоьжу. Масех хаам бу беана Нью-Йоркерчу орцан урхаллера - рогIера лардалар хьоьхуш, цIахь Iен деза, цхьаъ хилахь а, шайга маса хаамбе аьлла. Медицинан белхахой -волонтераш оьшу боху, шаьш куьйга йина масканаш муха лело еза а хьоьху. Ситуаци буьрса хиларх кхета хьо, кхин дIа еша ца лаьа.

Делкъал тIаьхьа цхьахйолчу хадархочо хаамбо, цхьа ши де а ду ша дика йоцу, шен метта кхин белхахо йоуьйтур ю аьлла. Вирус хир яц аьлла, догтешна ю со.ТIаьхьо тхан балхарчу кхааммо, шаьш кхин дIа балха догIур дац эли. Шайн цIахь болчу баккхийчарна саготта бу уьш. Тхан могIарш нилхадуьйлуш ду, ткъа болх тIекхета денна.

КХАЧАН СУРСАТАШ ЭЦА ГIОРТАР

Белхан де чакхене доьрзу, ShopRite супермаркете телефон тоха хьийза со, цхьа де хьалха туьканара схьаэца езаш хиллачух хатта. Сайн ма-хуьллу туьканашкахула ца лела хьожу со, интернетчухула эца а эцна, курьере цIа яийта таро ю. Бакъду, тIаьххьарчу шина кIиранчохь аьтто бац церан, адам дукха хиларна. Цундела айса дIаяхьа гIертара со.

Де хьалха Iуьйранна туьканара горгали бийкира. Доьхначу озаца хаамбира, 500 стеган дехар кхочушдан дезаш ду шаьш, цундела шайн белхахой ца кхуьу аьлла.

Автомобилийн паркинг дIаюьзна ю. Халла карайо суна меттиг. Туькан белхахочо кехатийн тептаршкахь ехха лоьху сан "заказ", цул тIаьхьа компьютер чохь а. Эххар а кIадлой олу цо, езарг вовшахтоха ца ларийна шаьш, белхалой кIезиг хиларна. Цхьа ши сахьт хан оьшу шайна олу цо. Доьхна гIуллакх хиларх теша со. Туьканчу йоьду. Адам дукха ду. Дукхахберш масканаш йоцуш бу, хетарехь, социалан дистанци латто езар а дагара даьлла царна. ХIума эца лаам а бов сан.

Туьканахь адамашна юкъахь билгалъяьккхина дистанци
Туьканахь адамашна юкъахь билгалъяьккхина дистанци

ЮхайогIуш Trader Joe’s туьканна уллох йолу со. Машенаш дукха яц. Ойла хуьлу сан цу чохь бIаьргтоха. Туьканна хьалха рагI ю. Туькан белхахоша чохь адам дукха ца гулдолуьйту. РогIан чакхе карайо суна. Дукхахберш масканаш йоьхкина бу, вовшашна юкъахь дистанци а ларйо цара. Цхьана сахьтехь латта дийзи. Супермаркет чувоьдучохь дезинфекци ян дIасадоькъуш кехаташ ду.

Туьканчохь терханаш дIаюьзна ю, амма дац туалетан кехат а, кехатан гатанаш а. Сихха юзу ас сайн ворда. Туькан белхахой дукха хьолахь масканаш йоцуш бу, куьйгех каранаш бен дац. Кассирца къамел тасало сан. Цунна хетархь - "эрна гIаттийна паника ю", "сагатдан оьшуш дац".

Машен чу а хуий, массо а хIуманна дезинфекци йо ас: тIоьрмигна а, кредиткина а, машенан рулна а, неIаршна а, тIемашна а. Некъан бохалла Чикагохь ехачу сайн доттагIчуьнца къамел до ас. ЧIогIа йоьхна ю иза. Ши кIира хан ю боху цо, ша берашца чоьхьарчу беша бен ца йолу.

Нью-Йоркна чувуллучохь ехачу кхечу доттагIчуьнгара смс йогIу: цуьнан цIийндена-полисхочунна коронавирусан ун даьлла. Хьал ледара дац, цIахь карантинехь ву иза. И бохург ду, чуьра массарна а лазар даьржина хилар.

ЦIа кхочу со. НеIарехь ерриг а кийча ю- дезинфекци йо аса мачашна, сайн духар тIоьрмиг чу дуьллу, ма йоггIура ванни чу йоьду со.

Цхьана хенахь, Италехь гегарчара изза некъаш лардо аьлла, сайна хезча, ойла хуьлура сан:"ТIех сов лелар ду иза а" олий. Ткъа хIинца кхета со, го жимлуш бу: цомгаш хуьлу, бала а ле бевза-бевзарш. Цундела массо а тайпа Iалашваларан бахьанаш леладо ахь. Хьох ца хаькхалуш дуьсур дацара-те?

ТIаккха дезинфекцин гатанаш а хьоькхуш, айса мел эцнарг шен-шен метта дIанисйо ас. Жим-жима хоьцуш, паникано дIахоьцу. ХIусаман пенаша а, гергарчара а гIо до - дуьненахь яьллачу паникан гIовгIа яйло, кхетамчу йогIу. Юха теша лаьа хьуна, кеста цхьа де догIург хиларх, коронавирусан кхерам дIа а байна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG