ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьзал ган дихкина нохчочунна Германехь, …цо зудчунна йиттинчул тIаьхьа


Германерчу Котбус гIалин кхеле арздина нохчочо Шохалова Хедас (29 шо), ша марехь Iийначу, ша а санна мухIажир волчу Зарахматов Iисас (48 шо) гIело йо шена, аьлла.

Стохка дуккхаза а йиттина цо шена, аьлла, полице латкъамбина а хилла зудчо.

Кхел йоьдуш Зарахматовс дийцина, шегахь хилла Хеда, Европехь йолчу маршонех пайда а оьцуш, ша аьлларг дечуьра яьллера, аьлла. Амма кхело безказло ца лерина цо далийна бахьана.

Бинчу сацамо доьхку Зарахматовна шайн пхеа беранна тIекхача а, уьш цхьаьнхьа дIасадига а. ВорхI баттера итт шаре кхаччалц болу шен доьзалхой ган ден хIинцачул тIаьхьа бакъо яц берийн нанас оцу хьокъехь кехат ца делча. Шовхалована герга кхача а дихкина Зарахматовна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG