ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Oxfam: Коронавирусан ун даржаро къоьлла хIотто мега ах миллиард адаме


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

83 000 стаг а вуьйш, дерриг дуьненан экономикана зен а деш, коронавирусан ун даьржинчул тIаьхьа къоьлла хIотта мега ах миллиард адаме, дIахьедар дина Oxfam олучу мацалла хоьгучарна гIо даран Оксфордан комитето, - хаам бо Рейтерс агенталло.

ТIедогIучу кIиранах хир йолу Дуьненаюкъарчу валютан фондан/Дерригдуьненан банкан хIора шарахьлера кхеташо тIекхочуш а йолуш, гIо-накъосталлин вовшахтохаро лаьрра муха Iаткъам бийр бу тIедогIу рицкъ лахдаларо дерриг а дуьнентIехь къоьлла яржарна бохург.

"Карарчу хенахь сихонца шорлуш йолу экономикан кризис кIорга ю, 2008-чу шарахь хиллачу финансин кризисал а", - аьлла ду оцу хаамехь.

"Маххадоро гойту, хир йолчу сценарега хьаьжна доцуш, глобалан къолла алсамъяла мегаш хилар 1990-чу шарахь дуьйна дуьххьара", – дIахьедар дина Oxfam-а. Цо дийцарехь, и бахьана долуш цхьайолчу пачхьалкхашкара адам къийдала мега, 30 гергга шо хьалха хиллачу хьоле доьрзуш.

ДIахаийтаран авторша йийцаре йина цхьамогIа сценареш, Дерригдуьненан банко юьхьарлаьцна йолу къоьллан билгалонаш тидаме а оьцуш. Ткъа цу билгалонашца а догIуш, къен лоруш бу дийнахь 1 доллар 90 центана тIера дийнахь 5 доллар 50 центах бехарш.

Уггар ледара хьал хIотта мегачу сценарица тIедогIу рицкъ лахдала мегаш ду 20 процентана. Иза иштта хилахь къоьлла хьогучу нехан терахь алсамдала мегаш ду дерригдуьнентIехь хIинца къен болчу нахана тIе 434 миллион тIера 922 миллионна тIе кхаччалц.

Оццу сценарица дийнахь 5 доллар 50 центал кIезиг ахчанах беха нах алсамбовла мегаш бу кхин а 548 миллион. Цу кепара къен нехан терахь хир ду 4 миллиард.

Зударий алсам къен бала мегаш бу божарел а. ХIунда аьлча царна вуно хала ду болх каро. И бахьана долуш уьш цIахь болх беш хуьлу, формалан йоцчу экономикехь.

"Цхьана а дийнахь аьтто болуш бац уггар къен нах болх бита а, я рицкъ вовшахтоха а", - дуьйцуш ду докладехь. Болчу хаамца, формалан йоцчу экономикехь къахьоьгуш волу 2 миллиард белхало аьтто болуш вац цомгуш хилча, рицкъ каро.

Тохар кIаддан Oxfam-а план кховдийна 6 декъах лаьтташ йолу. Цу планан юкъахь ду оьшучу нахана а, компанешна а ахчанан гранташ ялар а, декхар дитар а, ткъа иштта Дуьненаюкъарчу валютан фондо мелла а алсам гIортор яр а.

Oxfam-на хетарехь, хаьл долчарна а, тIех сов пайда хуьлучарна а, финансашца спекуляцеш лелош рицкъ доккхучарна а налогаш тIетохаро гIо дийр дара оьшуш долу ахча гулдан.

Кхуьуш йогIучу пачхьалкхашна гIортор ян кху дуьнентIехь гулдан дезаш ду 2,5 триллион доллар. "Хьал долчу пачхьалкхаша гайтира, кризис иккхинчу хенахь шайн экономикана гIортор ян церан триллионаш ахча дала аьтто хилар.

Делахь а, нагахь кхуьуш йолу пачхьалкхаш къийсам дIабахьа гIорасиз хилахь, кризис яхлур ю, цо вуно доккха зен дийр ду хьал долу а, доцчу а пачхьалкхашна", - аьлла ду докладехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG