ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманов Ахьмад. Шовда

Сабардахьара ахь

No media source currently available

0:00 0:00:35 0:00
Линкана тIе


Сулейманов Ахьмад
Шовда

Ламанан некъахь
Схьадеттара шовда,
Хьогучу адаме
Шех байта къурд.
Эххар чухаьрцира,
И юкъе Iовдуш,
Го бина и лакъош,
Мокхазан берд....

Хетара: шовданехь
Хир а дац гIора
Харцабан, эшабан
Цу бердан ницкъ.
Бердан юкъ хадийна,
Ца хуттуш гора,
Баькхира шовдано
ТулгIешна некъ.

Олхазарш, дийнаташ
Ша туьгуш Iаба,
Муьлуш го юха а
Шовданан хи.
Шийлачу шовданах
Юзуьйтуш кхаба,
Ламанан йоI а го...
Лекъар дац кхин!

XS
SM
MD
LG