ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманов Ахьмад. Дахаран генаш (Поэма)



Сулейманов Ахьмад
ДАХАРАН ГЕНАШ
(Поэма)

***
ГIала яккха со ца воллу,-
Цул чIогIа ду адаман дог...
Ирчу дашца ца даккхалахь,
Тоьпе-м и ца даккхало!..
*
НеIIий, Неккъий ца харжарна,
Вайгара дуьйлу гIалаташ.
"ГIант" а, "гIаж" а шениг харжахь,
Йоцчохь югIу гIаланаш...
*
Къинхетам бу дахар латтош,
Ма го и дIабаьлла де!
Къиза адам Лаьтта дагIахь,
Дуьне дагош, ер ю цIе...
***
Лулахошкахь тезет делахь,
ДIакъовла хьайн цIера той.
БIешарахь хьо зовкхехь вахарх,
БIе цхьоллагIчо-м велхавой.
*
Сай лацаре хьежа валахь,
Карара лекъ хецало.
Ткъа Iовдалниг цахиндолчу
Кхача гIерташ Iен ца ло...
***
Дерриг дуьне даго гIертарг
Ша вагийна дуьнено.
Дуьне цIарах догуш хилахь,
Вохвала ма гIерта хьо!
*
МостагI гIийла ма хеталахь:
ГIийланиг ву кхераме.
ДоттагI осал ма хеталахь:
Цо дог лур ду хьуна шен!
***
Пислакх йолчу, цо кхайкхахь а ,
ХьошалгIа ма гIолахь хьо-
Эмкал йиъча санна, язйой,
Йиъна котам юьйцу цо.
*
Дийна мел ву шен декхарех
Хьо волуьйтур ма вац цо.
ДIа ма гIолахь. И схьавеха,
Декхарана кIел ма гIо!

***
- Мичахь ду хьан ницкъ, кураллий?
Ас аьрзоне хаьттира.
Шен ницкъ болу ши тIам тоьхна,
Аьрзо хьалагIаьттира.
*
Бертахь доьзал, маьрша Даймохк
Беца къонахчун ши тIам.
Бертахь доьзал - Даймохк бацахь,
Адамех ца олу къам.
*
Къонахчун дарж оза терза
ХIинца а ца дина бах -
Дуьне цуьнца дуста гIортахь,
Беза бу къонахчун мах!

XS
SM
MD
LG