ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен зуда ерна бехкево дагестанхо


Дагестанерчу Буйнакскан кIоштарчу Кафыр-Кумухера вахархо бехкево Iедало цIийннана ерна.

2019-чу шеран Iай зудчунна лечу кхаччалц йиттина майрачо, цул тIаьхьа дакъа кертарчу беша а даьхьина, дагийна, боху талламчаша.

Массех де даьлча, кхечу юьртахь долу зудчун паспорт лачкъа а дина, иза а дагийна стага.

Дагестанерчу Талламан комитетан декъерчу белхахоша дийцарехь, пенсеш дIасадоькъу хьукмат а Iехийна карарчу муьрехь лаьцна латтош волучо – йийначу зудчун кIантанна догIу 9000 сом доладерзийна цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG