Ставропол-махкарчу Пятигорскехь шен йиша а, цуьнан доьзал а закъалте лаьцна цхьана стага, хаамбина «Кавказ.Реалиига» меттигерчу полицица зIе йолчу хьостано. Цо бахарехь, ша диспансеран тергонехь волчу Москвара веана иза Пятигорске дукха хан йоццуш.
ТIаьххьара болчу хаамца, шен йиша а, цуьнан бераш а закъалте лаьцна хьийза иза.
«Дуккха а ахча доьху. Хууш дац, герз ду цуьнгахь я дац. Полици дийцаршкахь ю цуьнца», - яздина Ставропол-мехкан губернатора Владимиров Владимира Instagram-ехь.
Губернатора, ша хьал тидамехь кхобу, Пятигорске ваха ара а ваьлла, боху.
Талорхо чохь волчу цIенна гонах лаьтта полицин а, цIеяйархойн а машенаш.