Дийнахь-бусий 10 миллион черма барамехь мехкадаьтта даккхар лахдан барт бина ОПЕК+ пачхьалкхаша шайн кхеташонехь, хаам бо ТАСС агенталло, оцу дийцаршкахь дакъалоцучу шен хьастана тIе а тевжаш. Цо дийцарехь, цу кепара Оьрсийчоьно а, СаIудийн Пачхьалкхо шаьш доккхучу мехкадаьтан барам лахбийр бу хIораммо а 23 процентана.
ОПЕК олучу мехкадаьтта духкучу вовшахтохаралло а (The Organization of the Petroleum Exporting Countries), мехкадаьтта доккхучу кхечу пачхьалкхаша а дийцарш дIадаьхира еарин дийнахь, иза дийнахь-бусий даккхаран барам 20 миллион чермана лахбар хьокъехь. Церан Iалашо ю, коронавирусан пандеми яьржаш а йолуш, цIеххьана охьадевлла мехаш цхьана тIегIантIехь сацо, яздо "Американ аз" зорбан гIирсо.
Дийцарш чолхе девллера ОПЕК олучу мехкадаьтта духкучу вовшахтохараллан лидерна СаIудийн Пачхьалкхана а, оцу блокана юкъахь йоцчу Оьрсийчоьнна а юкъахь гамо эккхарна. Делахь а, хьастанаш дийцарехь, церан аьтто баьлла маслаIат каро.
"Иза глобалан бертадахар ду", - билгалдаьккхина ОПЕК-ан хьастано.
Коронавирус сацо гIерташ гIулчаш йохуш а йолуш, мехкадаьттах пайда эцар лахделла хIора дийнахь 30 миллион черма барамехь. Brent олучу мехкадаьттан мах бу тахана 18 шо хьалха ма хиллара.
ХIинца цуьнах доккху 35 доллар цхьана черманах. И мах шозза лахара бу 2019 шо чекхдолуш хиллачуьнца буьстича. Оцо вуно чIогIа тохар дина мехкадаьтта духкучу пачхьалкхийн бюджеташна а, Америкехь яккхийн харжаш ян дезаш сланцан мехкадьатта даккхарна а.
Цкъа а ца хиллачу кепара мехкадьатта даккхар лахдира ОПЕК-ан декъашхоша 2008-чу шарахь финансийн кризис иккхинчу хенахь. Оцу хенахь хьехориг дара хIора дийнахь доккхучу мехкадаьттан барам лахбар 2 миллион 200 эзар чермана.
ОПЕК-ан векалша дийцара, дагалаьцначу барамехь мехкадаьтта даккхар лахдан аьтто бера бу, нагахь Цхьаьнатоьхначу Штаташа цунна гIортор яхь бохуш. Амма Вашингтон лууш яцара цу юкъахь дакъалаца.