ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сан белхан алапех 95% дайна: 160 эзар оьцура ас тоххара, хIинца - 9 эзар". Коронавирусо динчу зенех дуьйцу оьрсийн бахархоша


Материал кечйина "Настоящее Время" телеканалан авторо Александров Алексейс

Доларчу компанийн куьйгалхошна а, фрилансершна а даккхий зенаш дина, коронавирусан эпидеми бахьана долуш Оьрсийчохь карантинехь баьккхинчу баттахь. Царех дукхахберш белхан алапа доцуш бисина: цхьаберш дийнна беттан алапех, вуьйжуш цхьана декъах. Къаьсттина дала тохар хилла ресторанийн а, кафейн а белхахошна а, хазаллин салонашкахь болх бечарана а, гидашна а. Карарчу заманчохь, шаьш хIинццалц гулдинчу ахчанца хене буьйлу уьш, сатуьйсуш бу карантин юхаяккхаре. Коронавирусо зен динчу Оьрсийчуьрчу масех стеган истори йовзуьйту "Настоящее Время" телеканало.


КIиранчуьрчу ялх дийнахь шен хьомечу Новосибирскехь паргIат дIасалела йиш ю гидан Теремшонок Екатеринин. Хьалха оцу хена чохь болх бора цо. Новосибирскехь яцара иза болх беш, Москвахь яра, кхечу пачхьалкхашкара баьхкина туристаш дIасалелош. Заздоккху-баттахь дуьйна туристийн сфера сецна ю: Оьрсийчоьно шен дозанаш дIакъевлира, арахьарчу пачхьалкхийн бахархой чу а ца буьтуш. Оьрсийчуьра массо а гид бохург санна, висира болх боцуш.

"Заздоккху-беттан хьалхарчу кIиранашкахь аннуляцеш ян буьйлабелира сан клиенташ. Хьалха тобанаша дохийра контракташ, бизнесан гIуллакхашца Оьрсийчу богIу нах бара уьш. Цул тIаьхьа туристаша бохийра бина барт, бехк ма билла, цхьана ханна дIатотту оха, я гуттаренна а юкхаъйоху тхешан тураш бохуш, - дуьйцу Екатеринас. - ХIинца сан куьйгалхоша я телефон тухий, я кехатца хаамбо соьга, Стигалкъекъа-баттахь а болх хир бац бохуш".

Эпидеми бахьана долуш балхах боьхначу нахана Москван мэрино ахча лур ду элира: 19500, и ду 260 гергга долларшкахь. Ткъа Екатеринина кхочур дац и ахча, хIунда аьлча, балхара дIаяьккхина яц иза.
Формалехь хьалха а санна, туристийн компанехь болх беш лору иза. ЦIера хьана дийнахь бен ца бина цо болх.

"Сан белхан алапех 95 процент ахча дайна сан. 160 эзар сом оьцуш ма яра со, ткъа хIинца 9 эзар ду сан алапа, - боху гидо. - Ишта гIуллакх дерзарна кийча яцара со. Ипотека а, кредит а токхуш ю со, ткъа хIинца цхьа а болх боцуш йисина со".

Карантин дIаяьллачул тIаьхьа туристикан индустрехь хьалха санна дерриг а дIанислур ду аьлла, цхьа дегайовхо ю шен боху Екатеринас.

HeadHunter компанин рекрутерша бахарехь, балхах боьхна цхьаберш, я болх карара бала мегара аьлла хетарш а Зазадоккху-бутт бовш дуьйна рекрутингийн сайташ тIехь шайна кхин болх лоьхуш бара. Цара бахарехь, цкъачунна Оьрсийчохь белхазалла кхин дIоггара хаалуш яц: коронавирусна тIехула балхах бевлларш а ладоьгIуш Iаш бу карантин дIаяьлча хьалхалера шайн позицеш дIалоьцур ю шаьш аьлла хеташ.
ДIакъовланза йисинчу цхьайолчу компанеша кхечу боллу болх сацийнау сферашкара нах шаьш долчу балха дIаоьцуш бу.

"Ресторанан бизнесехь, туризмехь болх беш хиллачу нехан цхьа дакъа супермаркеташка а, кхачан сурстаташ нахана цIа кхоьхьучу интернет-туьканашка а балха дехьабовла гIерташ бу, - боху HeadHunter компанин талламаш бечу декъан куьйгалхочо Игнатова Марияс. - Шозза сов кхиъна тIаьххьарчу масех кIиранчохь, масала, курьеран а, шоферин а вакансеш. Цу тайпа хIума цкъа а гина дацара тхуна".

Юург цIа кхоьхуьш болу курьераш бен гойла дац тахана адамех дасаделлачу Москварчу урамашкахь. Нагахь санна, дукха хан юй ахь болх бен аьлла, цаьрга хаттахь, дукхахболчара жоп ло: кIира хан ю.

Ши кIира гергга хан ю Москвара ресторанаш а, кафеш а болх бечуьра совцийна. "Деловая Россия" бизнес-организацин зерашца, юкъараллан кхача латточу цхьана сферехь къахьоьгуш ву Москвахь 400 эзар стаг. Уьш берриш а болх боцуш бисина тахана. Ишта кхо кIира ду фитнес-клубаш дIакъевлина а. Цигахь болх беш ву кхин а 200 эзар Москван вахархо. Организацино бинчу талламца, нагахь санна карантин дIаяхлахь, белхан меттиг йоцуш вуьсу Оьрсийчоьнан коьртачу шахьарехь миллион ца кхоччуш вахархо.

Оьрсийчоьнан йохкаран-индустрин палатано, карантинна тIехула хIоьттинчу белхазаллин далийна терахьаш кхин а кхераме ду. Коронавирусан эпидеми бахьана долуш, Охан-баттахь болх бийр бац аьлла, президенто Путин Владимира пачхьалкхан бахархошка дIахаийтале хьалха далийна дара и лакхахь билгалдаьхна терахьаш.

"Хила тарло уьш 3 миллион гергга бизнесхо а, цара лаьцна болх беш хилла 8 миллион 600 эзар вахархо а, аьлла хьесап дина Йохкаран-индустрин палатан вице-президенто Дыбова Еленас.- Бизнесна гIо дан, Iедалхоша юьхьарлоьцу барамаш тоаме бац. Заздоккху-баттахь дукхахболчу совдегарашкахь ахча дацара шайн белхахошна дIадала. Дац ахча, дац. Даккха меттиг а бац, я схьаэца меттиг а бац".

Лепихов Даниэля болх бинчу компанин долахо а ву, шайн долчух бевллачу бизнесхойх. Банкан гарантеш дIаюхкуш яра компани, штатехь болх беш 15 белхахо а волуш.

"Официалехь балха хIоьттина вара со, амма цхьа де хьалха дIаваьккхира со,- дуьйцу Лепиховс. - ЦIера болх бинчу цхьана кIиранчохь кхиамаш ца хилира тхан. Ткъа карантино-м дерриг а дохий тхан: гIуллакхаш ишта а дара тхан ледара. Компанин ницкъ ца тоьира, тIаккха нах балхара дIабаха дийзира".

Йохкаран-индустрин палатас а, кхин а кхаа Оьрсийчоьнан бизнес-юкъаралло а карарчу беттан 7-чохь кехат дахьийтира пачхьалкхан урхалхошка, болх беш йоцчу компанешна эпидеми дIаяллалц субсидеш лахьара аьлла. Оцу ахчано, бизнесхоша бахарехь, гIо дийр дара царна арендин мах дIабала а, хIора белхахочунна цунна баттахь догIучу алапан цхьа дакъа дIакхачо.

Пачхьалкхо хIинцале а гIоьнна кховдийна некъаш эвсара ца хета оьрсийн бизнесна.

"ХIаъ, пачхьалкхо кредитан "каникулаш" луш ю. И бохург ма дац, оцу заманчохь цхьана а кепара харж ер яц, варианташ хьоьху цара,- билгалдоккху Дыбова Еленас. - Чот дIатоьхча а, схьатоьхча а нислург муха истори юй: ахча даккха меттиг бац, амма мах охьабилла беза".

"Хаттар кхоллало: стенгара оьцур ду и ахча? Бизнесо боху: хIара ситуаци цхьана екъий вай: пачхьалкхо шегахьара, бизнесо шегахьара. Оха боху, и билггал дан деза, ца дича а ца долу. Ца хуьлчу далахь, яьржар ю бахархошлахь белхазалла",- дIахьедо эксперто.

Цкъачунна Iедалхошкара жоп кхаьчна дац бизнес-юкъараллаша гIо доьхуш, дахьийтинчу кехатна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG