ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Министрийн керла кабинет тIечIагIйина ГIалгIайчоьнан куьйгахочо


Калиматов Махьмуд-Iелас, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо, министрийн керла кабинет тIеоьцуш, омранаш арахецна, хаамбо РБК агенталло.

Даржашкахь тIечIагIбина кабинетан куьйгалхочун хьалхара гIовс Илезов Микаил а, вице-премьераш Амриева Марем а, Фаттахов Тимур а.

Даржашкахь битина синбахамаллин министр Дзейтов Темерлан а, дешаран министр Бокова Эсет а, могашаллин министр Льянова Зарема а, спортан министр Дошхоклоев Iела а, юьртбахаман, кхачан министр Гагиев Мохьмад а, лаьттан, бахаман министр Гадаборшев Мохьмад а, ткризман министр Мизиев Беслан а, кегийрхойн гIуллакхийн комитетан куьйгалхо Мархиев Анзор а.

Керла нах бу министрийн кабинетехь гIишлошъяран министр Балахоев Микаил а, къинхьегаман министр Муталиев Хьаьжбекар а.

Зорбан а, информацин а министран декхарш кхочушдийр ду Волков Руслана. Цкъачунна индустрин министран даржехь вуьсуш ву Плиев Муса. Экологин а, маьIданийн а урхаллах жоп лур ду Пугоев Мухарбека.

Бахархошна орца кхачочу урхаллин коьртехь висина Ганижев ИбрахIим.

Гагиев Мусагахь дитина гIишлошъярна тIехьожучу урхаллин куьйгалхочун дарж. Кхелахойн болх вовшахтухучу урхаллин коьртехь вуьсуш ву Муцольгов Бахьавдин.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG