ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Таджикаш, узбекаш, бен дац тхуна, гIо эшахь - хаийта". Москвахь мигранташа кхобу меттигера бахархой



Материал кечйинарг "Настоящее Время" телеканалан автор Казаков Муса

Таджикхойн-жигархойн тобано Москвахь юург дIасайоькъу коронавирусан эпидеми бахьана долуш болх а боцуш, тIедогIуш сом а доцуш бисинчу мигранташна. Уьш болх беш хилла дуккха а компанеш карантинна дIакъевлина, хIорш а балхара дIабаьхна. Шайн даймахка дIабаха некъана ахча доцуш бисира дукхахберш.

Мигранташца цхьана маьхза кхачан сурсаташ кхачайо волонтераша таро йоцчу Москван бахархошна а, пенсхошна а.

Москван Къилба-малхбалерчу Шоссейная олучу урамехь хIоттийна цара сурсаташ дIайоькъу меттиг. Цига шайна тIевеанчу хIоранна а дIабала волонтераша цхьацца тIоьрмиг бу кечбина. Цара бахарехь, цхьана 5-7 денна шина стагах лаьттачу доьзална кхачам болуш хир ю йоькъург.

"Базарахь мах беш дара тхо. Базар а дIакъевлина. Зазадоккху-беттан 22-чохь тхайн даймахка дIадаха гIоьртира тхо, амма кеманаш лелаш дацара,- дуьйцу Боев Мирзоахьмада. - Билеташ тхан кисанахь дисира, цунах делла ахча ур-атталла юха ца делира тхуна. Юург-мерг эца а ахча дац тхоьгахь. Ишта сагIина дIасайоькъуш хIума ю аьлла, дийшира оха. Баркалла хIара гIуллакх долийначунна".

Шен тобанца акци вовшахтоьхнарг бакъонашларъярхо Амон Иззат ву.
Кхечу бакъонашларъярхочо Джумаев Бахтовара ма-баххара, доккхачу декъанна, гIо кхочу Москварчу клинингийн компанешкахь офисаш чохь цIано латтош хиллачарна. Карантин бахьана долуш, я ахча а, я болх а боцуш, гIад дайна церан. Дукхахболчийн дIатаIийна ахча а дац, хIокху халачу хенахь лол тоха.

"Массо а меттиг бохург санна къевлина ю, хIунда аьлча, хала хенаш ю юьйлалуш,- боху Джумаевс. - ХIара гIуллакх кеста дIадоьрзур ду аьлла, дегайовхо ю".

Акцин декъашхой кхаа тобане бекъалуш бу боху волонтераша. Хьалхарниш - юург дIа а луш, цхьана мигранташца болх бийраш.
ШолгIа - меценаташ: сурсаташца гIо дийраш. КхоалгIа - гIо оьшу нах шаьш бу.

Хала хетарг ду, и нах дукха хилар. ХIора дийнахь дIасайоькъучу сурсатех, суьйранна цхьа а тIоьрмиг буха ца буьсу.
Волонтераша боху, къестамаш а ца беш, гIо доьхучарна массарна а орцах довлу шаьш. Мигранташлахь дIасаекъна ца Iаш, Москварчу мискачу нахана а, къаьсттина песнхошна йоькъу шаьш.

"Тхан махкахой: таджикаш, узбекаш, бен дац тхуна. ГIо оьший шуна, дуьйла кху адресца тхуна тIе - Шоссейная урам, лоьмар 22", - боху волонтеро Эгамов Махмадхона.

Цхьана бахьанашца шайна тIебахка таро йоцуш бисинчарна, цIа кхоьхьуьйту волонтераша юург. Шайна гIо дан лаам а болуш, машен йолчаьрга кхайкхамбира цара, гIо доьхуш. Машенаш тоьаш яц, цундела ницкъ ца тоьа церан, шайга гIо мел доьхучунна маса дIакхачо.

"Хьалхарчу адресца инвалидна гIо дира оха. ШолгIачу адресца тхан даймахкара зударий бара гIо оьшуш, царна дIакхачийра оха,- дуьйцу волонтеро Холов Наджимиддина. - Цхьацца деношкахь итт хIусамех чекхдовлу тхо, цкъацкъа пхеа адресца дIакхачо таро хуьлу, юкъ-кара итт хIусаме доьлху. Тахана Iуьйранна 11 сахьт даьлчхьана пхи сахьт хан ю оха гIо ден".

Акцин организаторш тешна бу, хIора денна Москвахь гIо оьшурш алсамбуьйлур бу аьлла. Карантин дIа мел яхло, карахь хиллачийн а кхачор ду ахча.

Коронавирусан эпидеми лах а елла, шаьш кеста балха арадовларе сатуьйсуш бу массо а мигранташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG