ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус: Нохчийчохь керла дархой бац


Нохчийчоьнан могашаллин министра Сулейманов Элхана селхана сарахь бинчу хаамца, оцу дийнахь махкахь коронавирус кхетта хаавелла вац цхьа а вахархо.

Ун даржа доладелчхьана схьа цомгуш хилла 22 стаг, 15 царех товелла. 7 вахархо ву дарбан хIусамехь. Царех цхьаъ, 83 шо долу къано вара халчу хьолехь, хIинца цуьнгара хьал аттачу долуш ду, ша догдоху, боху Сулеймановс, иза а товаларе.

Министра бахарехь, коронавирусца доьзна могашалла толлуш, лоьраша тергоне эцна ву Нохчийчохь 662 стаг.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG