ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнна гонахарчу мехкашкара уьнца долу хьал


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказерчу массо а мехкашкахь, цхьа Нохчийчоь йоцург, дебна коронавирус шайца карийна нах.

Краснодарехь керла дархо ву 20, Ставропол-махкахь – 10, Адыгейхь – 7, Къилбаседа Хирийчохь – 5, ГIалгIайчохь – 4, ГIебарта-Балкхаройчохь – 4, Кхарачой-Чергазийчохь – 3, Дагестанехь – 1.

ГIалгIайчохь цомгушверг 29 ву таханенна. Реанимацехь, халчу хьолехь ву царех 67 шо кхаьчна пациент. Товелла вац цкъачунна цхьа а.

ХIирашлахь цхьа стаг товелла коронавирусах. Оцу хьокъехь хаам баржийна БуьритIерачу Роспотребнадзоран декъан куьйгалхойх йолчу Каболова Заремас.

Къилбаседа ХIирийчохь ерриг а хена чохь 27 вахархочо лаьцна ун, цхьа стаг велла.

Ставропол-махкахь 10 керла дархо тIекхетта коронавирус лаьцначарна, хаамбина Инстаграмехь губернатора Владимиров Владимира. Ун кехетта дархо ву цигахь 52, товелла 9, цхьаъ велла.

Дагестанехь 58 стаг вара уьно хьийзош. Царех 4 товелла. 54 Iуьллу дарбан хIусамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG