ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус кхетта хиларх шеко йолу кхо стаг велла Дагестанехь тIаьххьарчу сахьташкахь


ХIинжа-ГIаларчу инфекцин цамгаршна дарба дечу республикан центрехь велла коронавирус лаьцна хиларх шеко йолу кхо пациент, хаамбо республикерчу Оперативан штабо.

Буса кхелхина 81 шо кхаьчна йоккха стаг. Iуьйранна дIаяьлла кхин а ши пациент – 62 а, 56 а шераш долу зударий, халачу хьоле кхаьчча балийна хилла уьш лоьрашна тIе.

Кхуьй а дархо зуьйш, меттигерчу инфекционисташа билгалдаьккхина хилла царех ун хьакхадалар, амма белла уьш Москва хьовсийначу тесташна дуьхьал жоп а кхачале.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG