ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мехашна урхалла дахь сурсаташ тоьар дац, боху махбархоша



Оьрсийчохь уггар яьккхийчу туьканийн машана урхалла дечу махбаран компанийн Ассоциацино дIахьедар дина, нагахь кхачанан сурсатийн мехашна урхалла дар хьокъехь "Цхьааллин Оьрсийчоьно" хьалхатеттинчу низаман проект тIеэцахь, цуьнан вуно чолхе тIаьхье хир ю аьлла.

Туьканашкахь духкучун тIетухучу механ барамна урхалла даро кхерам тосу, сурсаташ ца тоа а, цхьацца предприятеш совца а мега аьлла а. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Ассоциацин сайта тIехь арахецначу хаамехь.

Кхачанан сурсатийн а, хIора денна оьшучу хIуманийн а мехаш хийцар коронавирусан ун даьржинчу юкъана дехка деза бохучун тIехIоьттира Оьрсийчоьнан премьер-министр Мишустин Михаил. Цо дира иза "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин Пачхьалкхан Думехь йолчу фракцин декъашхошца хиллачу шен цхьаьнакхетарехь.

Пачхьалхкан Думан гIантдас Володин Вячеслава дIахьедар дира, оцу цхьаьнакхетарехь, махбаран машанаш "схьадоккхур ду адамашкара хIинцца гIо деш царна лун дерг", ткъа "цхьана а низамца догIуш доцу и гIуллакх сацо деза" аьлла.

Махбаран машанаша чIагIдо, шаьш мелхо а ма хуьллу лахбийр бу тӀетуху мах, бохуш. Амма цо жимма лахдийр ьен дац иштта а хин долу мехаш дестар, чIагIдо Ассоциацехь.

"Сурсаташ оьцуш луш болу мехаш лаамза хьалбахаро хIинцале а дестош ду туьканашкахь долу мехаш", - аьлла ду цу хаамехь.

Мехашна урхалла дар хилла ду Оьрсийчуьрчу рынкехь. 2007-чу шарахь Iедало барт бира шура а, даьтта а, бепиг а, хIоаш а латточу компанешца а, яккхийчу туьканашца а мехаш цхьаьна тIегIантIехь латто, яздо The Bell зорбан гIирсо.

И бахьана долуш уггар сиха дазделларш дара и сурсаташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG