ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша эфирехь боьха дешнаш аларна нахе къинтIерабовлар дехна Кадыров Рамзана


Коронавирусна дуьхьалоен мехкан кхеташо йоьдучу юкъанна ГIалгIайчоьнца къастийначу дозан хьокъехь критика ечарна дуьхьал ша боьха къамел дарна нахе шена къинтIерабовлар дехна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, хаамбо ТАСС агенталло.

Нохчийчоьнний, шайн махканий юкъара доза билгалдоккхуш бинчу сацамна резавоцчу ГIалгIайчуьрчу массех стага социалан машанашкахула аьшнашка даьккхира Кадыровс деношкахь Магасе совгIатна медицинан гIирс бахьийтар. Оцу хиламца доьзна вистхуьлуш, маьттаза дешнаш элира Кадыровс эфирехь.

"Айса аьллачунна дохковаьлла со. КъинтIерабовлар доьху Нохчийн Республикан а, ГIалгIайн республикан а ларамечу къаношка, иштта, оцу муьрехь сайна уллехь хиина Iийначу Нохчийн Республикан муфтига а», - аьлла даладо Нохчийчоьнан администраторан дешнаш «Нохчийчоь тахана» агенталло.

ГIалгIайчоьнца долчу дозан хьокъехь кхин къамелаш хуьлийла дац, аьлла Кадыровс. «Амма цхьа мостагIий бу оцу гIуллакхах политика йина хьийзаш, нохчашна лерца шайна авторитет яккха гIерташ», - билгалдаьккхина цо.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG