ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьхза масканаш дIасайоькъур ю Нохчийчохь


«Оха тахана 400 эзар маска эцна. Иза юьхьиг бен а яц. Тахана дуьйна оха уьш дIасаекъа йолор ю. Уггаре хьалха – Соьлж-ГIалахь, кIоштийн центрашкахь, нах алсам гуллучу юкъарчу меттигашкахь», - аьлла пIераскана Инстагремехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

«Нохчийчоьно уьнна духьалоен бедарш а, масканаш а хьийсайо луларчу мехкашка а, генарчу мехкашка а», - хаамбина цо.

Керла уьнхой махкахь бац, коронавирус кхеттарг верриг а 22 вара, царех 15 товелла, лоьраша тергонехь латтош 793 стаг ву – кхечу мехкашкара чубаьхкина нах уьш хиларна, аьлла, довзийтина махкара хьал селхана сарахь Нохчийчоьнан могашаллин министра Сулейманов Элхана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG