ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIирийн дешархойн комьютерш ерраш а санна ю вирусаш лецна


ЦIахь деша дIасадахийтинчу ХIирийчуьрчу берийн йоккха проблема иккхина – кеп-кепарчу вирусаша Iаткъамбо церан компьютершна, хало йо дистанционан дешарна.

"Иза яра бакъйолу вирусийн эпидеми. Доьхнарг дара, бераша вовшашка цIахь бан белла белхаш, материалаш дIасахьийсочу юкъанна, шайн-шайн компьютерш «бехъяр». Тхуна проблема ю мьттура 60% берийн, ткъа иза-м хиллера 85», - дуьйцу Къилбаседа ХIирийчоьнан информацин технологийн, зIенан урхаллин куьйгалхочо Салбиев Алана.

Цо бахарехь, Касперскин лабораторе дехар а дина, цо маьхза лицензеш елла 70 эзар компьютер вирусех цIан а еш, кхидIа йолчу ханна Iалашъян.

Берийн дешар дистанционан кепехь дIадахьа долийча, 7-8% лакхаяьлла махкахь интернет-трафик. Провайдерша дийцарехь, кху муьран юккъера барам схьаэцча, хIора минотехь интернетах пайдаоьцуш хаало 90 эзар мехкан стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG