Оьрсийчоьнан халкъан хьашташ тергалдечу Роспотребнадзоро бечу хаамца, селхана а, сийсара а коронавирус шайца карийнарг ву Къилбаседа Кавказан мехкашкахь 73 стаг.
Дагестанехь уьно лецна хилар дийнахь-буса билгалдаьллачех ву 26 вахархо. Ставропол-махкахь – 14. Краснодар-махкахь – 13, ГIалмакхойчохь – 9. Нохчийчохь – 8. ГIебарта-Балкхаройчохь – 3.