ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а ши стаг велла Нохчийчохь коронавирусах


Шоьтадийнахь ши вахархо велла Нохчийчохь коронавирусах, Верриг а ун хьекхаделларг ву 48 стаг. Иштта бу ТАСС агенталле махкарчу парламентан спикера Даудов Мохьмада бина хаам. Кху беттан хьалхарчу дийнахь уьнах елира 1938 шарера йолу зуда. Москвара даймахка яхана яра иза.

«ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь ши стаг кхелхина Нохчийчохь, юьхьанца дуьйна велларг кхоъ ву. ХIинца белларш бу 82 шо долу стаг а, 52 шо кхаьчна зуда а. Москварчу лаборатореша коронавирус хьакхаелла хилар гайтина 48 вахархочуьнца», - аьлла Даудовс.

Ерриг а Оьрсийчохь вирусо лаьцна 13600 гергга стаг, велла царех 106, товелла 1045, пачхьалкхан министрийн кабинето юкъаяьккхинчу стопкоронавирус.рф сайто бахарехь.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG