ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнан муфти велла коронавирусах


Мартазанов Iабдурахьман, ГIалгIайчоьнан муфти, кхелхина тахана. Массех де дара иза, коронавирус кхетта хиларх шеко йолуш, дарбан цIийне виллина, амма Москвара схьакхачаза дара тестан жамI, хаам баржийна ГIалгIайчоьнан премьер-министран декхарш кхочушдечу Сластенин Владимира РБК агенталле.

«Тахана дIаваьлла, диагноз къастош ю» - жоп делла агенталлина ГIалгIайчоьнан муфтин гIовса Сароев Адама.

63 шо дара Мартазанов Iабдурахьманан.

«РИА Новости» а, «Интерфакс» а агенталлаша, мехкан могашаллин министраллерчу информацина тIе а тевжаш бахарехь, муфтис дIаеллачу тестца ун карийна хилла меттигерчу лоьрашна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG