ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даржах мукъаваьккхина Кадыровн пресс-векал Каримов Iаьлви


Шен пресс-гIоьнчин дарже керла стаг хIоттийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана – «Грозный» телерадиокомпанин директоран гIовс Вахидов Iилман.

11 шарахь оцу даржехь Iийна Кадыровн орденлелорхо, нохчийн журналистикан ветеран Каримов Iаьлви пенсе вахана, яздо "Интерфаксо".

Хаамийн гIирсех жоп лучу шен хьехамчин дарже хIоттийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Ельсаев Iаламад. Цул совнах, иза тIехьожуш хир ву яздархойн юкъарлонна а, нохчийн мотт Iалашбаран а, кхиоран а экспертийн кхеташонна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG