ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши зар сов коронавирус кхетта нах билгалбевлла Оьрсийчохь дийнахь-буса


ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Оьрсийчохь COVID-19 ун хаькхадаларца 52 регионехь билгалваьлла 2186 стаг, хаамбо уьнца къийсам латточу штабо.

Инфекци хьакхаеллачаралахь уггаре дукха нах бу Москвахь - 1306 стаг. Москвана гонахарчу гIаланашкахь билгалваьлла 278 вахархо. Коронавирус Петербургехь гучуяьлла 69 стагехь.

Оьрсийчохь верриг а уьнах цомгуш хилларг ву 15770 стаг.

ТIаьххьарчу дийнахь буса уьнах велла 24 стаг. 14 ву царех Москвара. Коронавирус яьржичхьана схьа велла Оьрсийчохь 130 стаг.

Уггаре дукха бу вирусах цомгуш хилла нах Москвахь – 9 эзар гергга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG