ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь: ун даьлла 49 стагна, велла 5


КIиран суьйранна Нохчийчуьрчу могушаллин министро Сулейманов Эльхана бинчу хаамашца, махкахь коронавирусах 5 велла, ун даьлла 49 стагна. Ишта цо дийцарехь, 1033 вахархо лоьраша зуьйш ву. Коронаиврусан унах дIацIанвелла 15 стаг.

"Юха а кхайкхамбо ас, ларлуш хилахьара шу. Тоьхначу дозанан барамаш аш ларбеш хилча, Европан цхьайолчу пачхьалкхашкахь лаьтта хьал ца хила тарлора вайн республикехь", - аьлла министро.

Билгалдоккху, Оьрсийчохь 15700 вахархо ву ун даьлла, 130 велла, 1291 вахархочунна дарба хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG