ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Делимханов: Соьлжа-гIала догIучу кемана хаале коронавирусан тестех чекхвала веза хIора а


Делимханов Адам
Делимханов Адам

Нохчийчоьнан урхалхочун гIоьнчас, пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама инспекци йина Серноводскан кIоштарчу "Кавказ" постехь.

"Мехкан ден цIарах оха масийттазза кхайкхамбира, регионна арахьа бисинчу нахе, шаьш цIа догIуш дIахIоттийначу процедуран барам ларбе аьлла. Делахь а, цхьа бен-башха ца хета нах, низамаш ца лардеш Нохчийчу бахка гIерташ дозанехь меттигаш нисбеллера".

Ишта цо тIетоьхна, цу тайпа леларо шайна кхерам латтийна ца Iаш, Нохчийчуьрчу боллу бахархошна а бале бовлу и нах аьлла.

"Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана вайн махкахойн аьтто бина Москвахь коронавирус юй хьожуш тестах чекхбовла. Москвара Соьлжа-гIала догIучу кеманна билет эцале хьалха карахь анализан жамIаш хила деза. Республике догIу кхиндолу некъаш къевлина ду", - аьлла Делимханов Адама.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG