ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь-бусий 9,7 миллион черма барамехь мехкадаьтта даккхар лахдийр ду ОПЕК+


Трамп Доналд а, Путин Владимир а. Цхьаьнатоьхна сурт.
Трамп Доналд а, Путин Владимир а. Цхьаьнатоьхна сурт.

Дийнахь-бусий доккхучу мехкадаьттан барам 9,7 миллион черма барамехь лахдан барт хилла аьлла дIахьедар дина ОПЕК+ тобано. И доза тохар лардийр ду Стигалкъекъа-баттахь а, Мангал-баттахь а.

Коьртачу мехкадьатта духкучу пачхьалкхийн 4 дийнахь хилла марафон дIаяхара, мехкадаьттан мехаш охьадовлар сацо гIертачу Американ президенто Трамп Доналда Iаткъам а беш, яздо Reuters агенталло.

Исторехь цкъа а ца хиллачу барамехь мехкадаьтта дакххар лахдарх лаьцна бинчу бертаца а догIуш, ОПЕК+ тобан пачхьалкхаша тӀаьхь-тӀаьхьа лахдийр ду иза даккхар 2022-чу шеран Оханан-батте кхаччалц.

"ОПЕК+ тобанца Доккха Мехкадаьттан Бертадахар хилла дели. Цо аьтто бийр бу бIеннаш эзарнаш белхан меттигаш кхин дIа а латто Амеркан Цхьанатоьхначу Штатийн энергетикан сферехь! - яздина Трампа Твиттерехь, Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна а, СаIудийн паччахьна Салманна а маслаIат карош накъаосталла дарна баркалла а олуш.

Оьрсийчоьнан ТАСС агенталло тидам тIебахийтина ОПЕК+ пачхьалкхаша Оханан-беттан 12-хь хиллачу кхеташонехь мехкадаьтта даккхар лахдар хьокъехь барт тIеэцна хилар, ерриг а 23 пачхьалкх реза а йолуш. Амма цу кхеташонехь Мексика реза ца хилира 400 эзар барамехь долчу шен декъах 100 эзар черма бен лахдан. Цуьнан метта и дакъа (300 эзар черма) шена тIелецира Америко.

Цундела эххар а бинчу бертаца а догIуш хIора дийнахь-бусий цадоккхуш дуьтур долчу мехкадаьттан барам бу 9 миллин 700 эзар черма, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

ОПЕК+ тобан рогIера видеоконференци хир ю кхушара Мангал-беттан 10-хь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG