ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уггар а кIезиг зуламаш лелийначу Оьрсийчуьрчу регионашлахь ю ГIалгIайчохь


ГIалгIайчоь
ГIалгIайчоь

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зерашца, карадеанчу шеран хьалхарчу шина баттахь уггар а кIезиг зуламаш лелийна ГIалгIайчохь, хаамбо "Кубанские новости" гIирсо. Урхаллан информацица, билгалъяьккхинчу хеначохь 322 зулам дина ГIалгIайчохь.

Алсам къепе йохийна меттигаш билгалбаьхначу тептарехь ю Москва - 23, 9 эзар зулам дарца. ШолгIачу меттигехь ю Москван кIошт - 12,1 эзар зуламе гIуллакхаш лелийна цигахь. ХIоттийначу рейтинган 3-гIа могIа дIалаьцна Краснодаран кIошто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG