Оршотдийнахь бинчу хаамашца, ГIалгIайчохь кхин а пхеа стагах коронаиврусан инфекци гучуяьлла. Верриг а республикехь ун даьлла ву аьлла, официалехь дIакхайкхийна 34 вахархо.
Махкарчу оперативан штабан информацица, кхин а 40 вахархочунна ун даьалла хилар гайтина дуьххьара йинчу тестийн жамIаша. Карарчу хенахь Ставрополерчу референс-центрера тIаьххьара жамIаш кхачаре хьоьжуш бу Iедалхой.
Наьсарарчу дарбан цIийнехь Iуьллуш ву 59 COVID-19 тIечIагIйина дархо. Царех 10 реанимацехь ву.