ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусан хьелашкахь даздеш бу Пасха керстанаш


Пасха даздеш яьсса ю Нью-Йоркера Сийлаллин Патрикан килс, REUTERS сурт
Пасха даздеш яьсса ю Нью-Йоркера Сийлаллин Патрикан килс, REUTERS сурт


Малхбузерчу керстанаша шайн коьрта дезаде – Пасха даздира кIиранан дийнахь. Амма кху шара даздарш дIадоьлхуш ду ша-тайпачу хьелашкахь. Килсе боьлхучу метта дукхаха болу Делах теша нах Пасха даздаран мероприятешкахь дакъалоцуш бу виртуалан кепара. Цунах лаьцна яздо "Американ аз" портало. Тайп-тайпанчу пачхьалкхашкарчу бахархойн цIахь совца дезна, вирус бахьана долуш.

Римерчу папас Франциска дакъалоцу месса телевизионехула гайтира Ватикана. Делахь а, цхьаболчу Америкерчу динан дайша килсашка кхайкхира нах, Iедалша царна цIахь Iар тIедожийна делахь а, баккхийн гуламаш дIабахьар дихкина делахь а.

Коронавирус кхетта а, цунах бахьана даьлла кхелхина а алсам нах хиларца хьалхарчу меттехь ю Цхьаьнатоьхна Штаташ. ХIопкинс Джонан Университето бинчу хаамца, и ун кхетта ву Америкехь 500 эзар сов вахархо, 20 эзар сов адам делла цу махкахь.

Уггар боккха эшам хилла ю Нью-Йорк штат. ДIадаханчу шотдийнахь цигахь велла 758 стаг, хаам бина губернаторо Куомо Эндрюс.

Дуьненаюкъарчу могашалла Iалашъяран вовшахтохаралло (WHO) шотдийнахь хаам бира, Къилба Корейхь коронавирус кхеттачул тIаьхьа тобелла нах, юха а изза ун даьлла бу боху хаамаш толлуш ю ша аьлла. Дийцарехь, тобелла арабохучу нехан тесташа гайтина цигахь церан дегIах и вирус хилар.

КIиранан дийнахь лаьрча, кху дуьнентIехь 193 пачхьалкхехь коронавирусан ун даьлла ву верриг а 1 миллион 800 эзар сов стаг. 112 сов эзар велла и вирус кхетар бахьана долуш.

Дуккха а эксперташа дийцарехь, баккъалла а коронавирусах кхелхинчу нехан терахь кхин а лакхара хила мегаш ду, официалан кепара дуьйцучул а, цхьаболчарна беллачул тIаьхьа тесташ йина ца хиларна. Царна хетарехь, цхьаболу нах кхалхар ца дузу COVID-19 вирусца, уьш хIусам йоцуш бевлла лела нах хиларна я кхечу бахьанашца.

Оццу хенахь, Америкехь Мссачусетсан технологин институтехь бинчу талламо гайтина, хьоршам а, йовхар а таро йолуш хилар 8 метр 20 сантиметр гена вирус дIасаяржо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG