ТIаьххьарчу кхаа шерачохь белхан меттигаш шоръелла аьлла, хIоттийначу рейтингехь нисъелла ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а. Талламаш дIабаьхьна хилла «Новости» аналитикан центро. БорхIалгIачу могIарехь ю ГIалгIайчоь: 15, 8 проценте кхиъна белхан меттигийн терахь.
10-чу меттигехь дIатаръелла Нохчийчоь: 23, 3 эзар белхан меттиг кечбина республикехь (4,5%).
Къилбаседа Кавказан Федералан Гонийн кхин а кхо регион- Ставрополан кIошт а, Дагестан а, ГIебарта-Балкхаройчоь а хIоттийначу рейтинган хьалхарчу 20 меттигехь нисйина.
Уггар а белхан къоьлла йолчу регионашлахь лахарчу позицехь ю Къилба ХIирийчоь (60-гIа меттиг).