ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Новая" газетана шога критика йина Кадыровс


«Новая газетано» республикерчу коронавирусца йоьзначу ситуацех зорбане яьккхина информаци бакъ ца йинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, журналисташна нохчийн меттан гочдархо хьехна. КIирандийнахь «Новая" газетано хаамбира, Керлачу АтагIахь стаг дIавуллучохь хиллачу цхьаболчу нахаца къамел хилира шен, цара дийцарца, тесташ йина а ца хиллера царна, изоляцехь Iе аьлла, тесна битина хиллера уьш бохуш. Ишта газетас яздора, Нохчийчуьрчу масийтта кIоштахь дарбан хIусамаш карантинна дIакъевлина хиларх а, лоьрийн масканашца а, кхинболчу гIирсаца а къоьлла хиларх а.

Материал зорбане яьллачул тIаьхьа Кадыровс бехкедина хьоста нохчашна дуьхьал информацин диверсеш лелош ду аьлла.

«Ас дIахьедо, и бакъ дац. Дарбан хIусамаш штатан рожехь болх беш ю. Тоьшаллина пачхьалкхан «Грозный» телевизионан журналисташа Теркйистан кIоштарчу лазартнехь яьккхина видео гайта таро ю тхан. Бакъду, тахана дуьйна Оьрсийчоьнан могушаллин министралло хьалха санна нах тIеэцар саца а дай, коронавирусца болчу нахана меттиг бита аьлла, совцош бу белхаш», - яздина Кадыровс шен Телеграм-каналехь.

Ишта нохчийн урхалхочо дIахьедина, Керлачу АтагIара тезет дирзинчул тIаьхьа меттигерчу бахархошлахь коронавирус толлуш анализаш йина аьлла.

«Нохчийн маттара гочдан шуна диканиг белхахо вала кийча ву со, сайн дешнаш ас ма аллара гочдайта. И ца дахь, «Новая» газетан журналисташ, гIад дайна артиклаш хир ю шун», - аьлла Кадыровс.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG