ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчохь набахташкара арахоьцур бу иттаннаш эзарнаш тутмакхаш


Туркойчоь - Измирехь набахтана хьалха бу туркойн жандармаш, 2018 шо
Туркойчоь - Измирехь набахтана хьалха бу туркойн жандармаш, 2018 шо


Туркойчоьнан парламенто шинарин дийнахь коронавирус яржар бахьана долуш чубоьхкинчу нехан могушалла ларъяр Iалашонца низам тIеэцна, иттаннаш эзарнаш тутмакхаш дIахецарх лаьцна, хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо. Туркойн парламентан Инарлин Ассамблейно Твиттерехь хаам бина, и низам карарчу хенахь болх бан доладелла хиларх лаьцна.

"Хьюман райтс вотч" (Human Rights Watch) а, "Дуьненаюкъара амнисти" (Amnesty International) а вовшахтохараллаша критика йина цу низамна, террорна дуьхьало ечу низамашца лецначу нахах иза хьакхалуш ца хиларна.

Бакъонашларъярхоша емал дина набахташкара дIахоьцучу тутмакхийн тептаршна тIехь талламан изоляторшкахь латтон нах ца хилар, шайна юкъахь журналисташ а, политикаш а, адвокаташ а болуш.

"Дуккха а нах бу набахташкахь шайн бакъонаш къийсина болу, цара цхьа а зуламаш ца дина, Iедало уьш юкъарбаьхна тептаршна, дIоггара кхеташ доцчу терроризмах лаьцначу низамах пайда а оьцуш", - дIахьедар дина AFP агенталлана "Дуьненаюкъара амнисти" вовшахтохараллан векло Гарднер Эндрюс.

Набахташкахь буьтур болчу лецначу нахана юкъахь ву бизнесхо Кавала Осман а, курдийн политик Демирташ Селахаттин а. "Дуьненаюкъара амнистин" Туркойчуьрчу жигархочо Буюм Миленас Твиттерехь яздина, маситтаза дебаташ хиллехь а, оппозицино кечдина цхьа а хIума юкъа ца тоьхна низамна аьлла.

Туркойчохь Iедалехь йолчу "Нийсонан а, кхиаран а партино" кечйинчу низаман проектехь аьлла дара набахташкара хенал хьалха маьршавоккхур ву 45 000 тутмакх аьлла, ткъа верриг а набахташкара аравала везаш ву 90 000 эзар стаг, шайна юкъахь тоьхна хан шайн цIахь токхур йолу нах а болуш.

Туркойчоьнан юстицин министро Гюль Абдулхамита оршотан дийнахь дIахьедар дира, COVID-19 вирусах кхо тутмакх велла хиларх лаьцна, коронавирус кхетта 17 стаг гучуваьллачул тIаьхьа.

Оршотан дийнахь могушалла ларъяран министралло арахецначу хаамца а догIуш, карарчу хенахь коронавирус хьакхаелла ву Туркойчохь 61 000 стаг, 1300 вахархо велла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG