ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БIеннашкахь оьрсийн туристаш СаIуда Iаьрбийчохь бисина


БIеннашкахь оьрсийн туристаш, дукхахберш Нохчийчуьра а, Дагестанера а болуш, цIабахка таро йоцуш СаIуда Iаьрбийчохь бисина. «Открытые медиа» хьостано бина и хаам, цигахь йисинчу цхьана оьрсийн туристан хаамна тIе а тевжина.

Нуриманова-Якупова Динарас бахарехь, Зазадоккху-беттан тIаьххьарчу деношкахь дуьйна оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министраллехь а, консулаллехь а шайн дехаршна луш жоп дац, я маца цIа дига дагахь бу а дуьйцуш дац аьлла.

Оцу юкъанна, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа а, Великобританис а, Францино а денна шайн бахархой леринчу рейсашца цIа кхуьйлуш бу.

Росавиацино а тIечIагIдира, СаIуда Iаьрбийчуьра гергарчу хенахь эвакуацин рейсаш ян планехь дац шайн, ткъа «проблема гIоьртина ю, оьрсийн регионаш кийча хиларца шайн нах тIелаца», доккхачу декъанна «царна кхерамзалла а, лоьрийн гIо а, оьшу изоляцин хьелаш хилийта а инфраструктура кхолла кийча хиларх».

Нурмианова-Якупован дешнашца, СаIуда Iаьрбийчохь бисинчу нахалахь цхьаберш кийча бу, долара кема лаьцна а, даймахка берза, амма оьрсийн консулаллехь барт ца хуьлу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG