ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь шариIатехь там-мах бар ханна сацийна


Муфтий Межиев Салахь
Муфтий Межиев Салахь

Нохчийчуьрчу муфтиято цхьана ханна юкъахдаьккхина керла доьзал кхуллучу шинна юкъахь шариIатехь там-мах бар. ТАСС агенталле бина и хаам оршотдийнахь регионерчу динан урхаллан зорбанчаша.

«Муфтийс Межиев Салахьа дIахьедар дина, шариIатехь там-мах бар официалехь сацош ду, эпидемиологин хьал чIагIдаларца доьзна аьлла», - билгалдаьккхина муфтиятан пресс-гIуллакххоша.

Нохчийчохь 49 стаг ву коронавирусан ун даьлла. Пхиъ велла, 15 дарба а хилла, цIа вахийтина.

Оршотдийнахь дуьйна туькана, я молханаш эца воьдучунна карахь бакъо хила еза аьлла, керла раж юкъаяьккхина Нохчийчохь. Дозанашкахь контрол латтор а чIагIдина.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG