ХIокху материалан автор ю Кавказ.Реалиин корреспондент Пейсахова Анна
Къилбаседа Кавказерчу субъекташна юкъахь, схьахетарехь, уггар луьра гIулчаш яьхна Нохчийчохь коронавирусца къийсам латтош. Иштта Кадыров Рамзана дIахьедар динера республикан дозанаш дIакъовларх лаьцна. Делахь а Оьрсичоьнан премьер-министро Мишустин Михаила цу хьокъехь цунна а, кхечу регонийн куьйгалхошна а критика йинчул тIаьхьа, Кадыровс дIахьедар дира, Мишустине беш харц хаамаш бу, цхьа а вацара дозанаш дIакъовлар хьехош, уьш дIа а ца къевлинера транзитан транспортана аьлла.
Делахь а, Нохчийчохь официалан кепара юкъадаьккхина ду комендантан сахьт, ткъа иза дохийнарш, Iедалша сацам барца, юкъаийзош бу юьртабахаман белхаш барна. Цул сов, Кадыровс къамел дира шадIакъастаран раж йохийначу меттигерчу вахархочун йиттина ницкъаллин структурийн белхахой бакъбеш.
"Кавказ.Реалиин" корреспонденто хаьттира Нохчийчуьрчу бахархошка, муха лов цара ша дIакъастаран раж а, пандеми яьржаш а йолуш Iедалша кхерамаша тийсар а.
– Илана, совдегар, Соьлж-ГIала:
– Со Соьлж-ГIалан юккъехь ехаш ю. Кхачан сурсасаташ духку туька тхан цIийнан тIехьа ю. Шинарин дийнахь яъахIума эца йоьдeчу соьга мохь туьйхира полисхоша, стенга йоьдуш ю аьлла. ГIиллакхе лелар дара церан. Туьканахь берш масканаш йоьхна бу. Ларлуш бу. Со коьртачу декъана чохь Iаш ю. Чоьнаш цIанйо ас. Сан йиша болх беш ю полицехь, иза балха лелаш ю. Суна хетарехь, цу кепара луьра гIулчаш яхар дан дезаш ду. Ун кхеттарш вайн кIезиг бу. Амма дIакъастаран раж лан хала ду. ХьошалгIа ца йоьду со, вирусан кхерам – забар яц.
Ахча цкъачунна тоьаш ду. Иза кхоорах йоьлла ю со. ХIусамда кхелхина йисина ю со. Дукха дацахь а, пособи ду суна луш, и бахьана долуш. Жимо бизнес ю сан луларчу регионехь. Иза кхачан сурсташца йоьзна ю, цундела цкъачунна гIуллакх сецна дац сан.
– Милана, махбархо, Пионерски-эвла, Шуьйтан кIошта:
– ЦIахь дан хIума дац. Карантин йолаялале ГIалахь ехаш яра со, амма балхах яьлча (сан белхан меттиг дIаяьккхина) петарх дала ахча дацара. Цкъачунна сайн доттагI йолчехь эвлахь ехаш ю со. ХIара сайгахь долу хаьл дахдала мега аьлла а хета суна.
Iуьранна чай мала охьаховша тхо, телевизоре хьовсу, тIаккха видеороликашка хьовсу инстаграмехь, цхьацца хаамаш боьшу, маса стаг велла а, маса стаг цомгуш хилла а.
Тхайна уллерчу туькана лела тхо, гена довлахь проблемаш хила мега. Полици ю ха деш, еха гIожмаш а карахь. Бакъдериг дийцича, [царах] цара пайда оьцуш ца гина суна.
Проблема ю ахча ца хилар. Цхьана баттахь баха аьтто хила а мега нехан, ткъа цул тIаьхьа, нагахь шадIакъастаран раж яхъяхь, зуламаш дар алсам дала мега. Цхьаболчеран яъахIума а яц, ткъа мехаш хьаладевлла.
– Мадина, пенсионер, Хьалха-Марта:
– Дика ду Путина хьехархошна ахча ло аьлла омра дина. Тхан несана баттахь 10 эзар сом алапа ло, сан пенси ду 8 эзар сом, ткъа кIант болх боцуш висина. Иштта дIа Iаш ду тхо.
Берийн сагатло. Тхо кIордийна царна, ткъа тхуна уьш кIордийна! Ловзо хIуманаш ца ловза йо цара, телефонаш царна кIордийна, комьютер тхан яц. Доьлху уьш, арадовла лаьа царна, амма оха ков къевлина латтош ду. УьйтIахь ловзу бераш, тхо бешахь болх беш долуш. Иштта дIайоьдуш ю-кх карантин. Iедалша нахе бошмаш дIаен аьлла, хьаьжкIаш а, кхоьш а дIаен аьлла. Дала лардойла вай мацалла хIоттарх!
– Максуд, экономист, дуьненаюкъарчу компанин белхахо, Соьлж-ГIала:
– Генара болх беш ду тхо. Чохь Iаш ду, амма наггахь офисе кхойкху. Ткъа еарин дийнахь дуьйна къаьхьа къурс эккхийтина кхузахь: Жимачу АтагIахь тезет даьллера воккха стаг велла. Цигахь бIаьннаш адамаш дара, тIаьхьо гучуделира цу доьзалехь коронавирус кхетта 4 стаг хилла хилар. Дийцарехь, цунах велла хиллера воккха стаг.
Тхан финсийн хьал цхьанаэшшара ду, коьрта болх боцург кафе а ю тхан болх беш дарбан цIийнан уллехь, иза дIакъевлина яц, медикаш оьцу тхоьгара кхача. Онлайн рожехь куьйгалла деш ву со сайн бизнесна. Сан лулахь кхо доьзал бу карантинехь. Ара ца вала хьожу со, вешийн кIант а ца вуьту ас со волчу. Уьш берш а хьошалгIа бахка лууш бу, дегабаамаш беш бу суна.
– Анжела, визажист, Соьлж-ГIала:
– Салон дIачIагIа дезна кхо кIира хьалха. ЦIахь хевшина Iаш ду тхо. Бераш-дешархой смартфонех а, компьютерех а пайда а оьцуш, доьшуш бу цIахь а Iаш, цул тIаьхьа ловза уьйтIа довла бераш.
Со чоьнаш цIанйеш ю. Сан йиша тегархо ю. Кху деношкахь аптекашна бамбийн ши чIор долу масканаш тоьгуш ду тхо. Цо жимма ахча дохьу тхуна, кхачанан сурсаташ эца тоьа иза. ДIа дохкуш ду тхо, тIамах чекхдевлла ма дай вай, мехий а, тайш а итош а карахь, тIе етташ бомбанаш а йолуш, ткъа кхузахь, дIаяккхахь, чохь Iар бен дуй хIара.
ХIара кхераме дац. Бакъдерг дийцича, карантин йохийначарна таIзар до. Тхан лулахочуьнгара машен дIаяьккхина полисхоша – магийначул а гено вахана хиллера иза. КIоршаме ца хилла, оьзда лелла, дIайига маца ван мегар ду дуьйцуш телефон тухур ю аьлла.
– Беслан, Соьлж-ГIала-Краснодар автобус лелорхо:
– Зазадоккху-беттан 25-хь дуьйна болх боцуш цIахь хевшина Iаш ду тхо. Автобусаш ара ца йовлуьйту. Оханан-беттан 5-чу кхачалц бен хир дац аьллера иза, амма тахана 10-гIа ду, цхьа а вац телефон тухуш.
Гарехь, хIара бутт чекхбаллалц цIахь Iан мега тхо. Чохь чIогIа сагатло, со рейсашка леларх воьлла ву, петарна чохь дийнахь-бусий Iан хала ду. Бераш а ду соьца. Нехаш арайохуш я бепиг эца сой воьду со, церан могушалла ларъяр Iалашонца.
Суна хетарехь нийса дон вайн пачхьалкхо, иштта ца дича, бахархой цомгуш хила мега Китайхь санна. Зазадоккху-беттан алапа ца делла суна, делахь а цкъачунна тоьар долуш гIуллакх ду. Суна хетарехь, карантин чекхяьллалц ларор ду тхо.
– Алина, секретар, Соьлж-ГIала:
– "Беркат" базар цхьана декъана схьайиллина. Цу гIуллакхо сатийсам кхоьллина сан лортIехь дахар юхадоьрзур хиларе! ЯъахIума эца яханера со. 6 эзар сом доьхкира ас. Мехаш хьаладевлла. Юха сихха цIа яхара со, комендантан сахь тIекхачала чукхачархьамма.
Кхо кIира ду тхо чохь Iаш долу, амма хIумма а ца деш ца Iан тхо. Чоьнаш цIанйеш ю со а, сан йоI а, цхьа кега-мерза ремонт а йо оха. КIант ара ца воьлуту тIеман базера. Сагатло сан цунна. Ахчанах дерг аьлча, цхьа тема до оха. Ца тешча ца довлу хIара карантин вайна диканна ю бохучух.