ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тхуна санна шуна дика болх хила лууш цхьа а вац боху нохчийн министро гIалгIашка


ГIалгIайчоьнан бахархошка кхайкхамбина Нохчийчоьнан зорбан министро Умаров Джамбулата, шина вежараллин къоман барт эгIо гIертачу нахе ла ма дегIа аьлла.

«Нохчашна санна, шуна дика хила лууш цхьаъ вац. ХIаъ, ду дера кхиндолу бусулба къаьмнаш а шуна дика болх хила лууш, амма гIалгIашна а, нохчашна а юкъара вежараллел деза хIума дац», - аьлла, билгалдаьккхина министро.

Ишта Умаровс тIетоьхна: «Дала а, вайн цхьана хиларо а бен гIо дийр дац вайна кху бохамна кIелхьара довла. Цундела лаьара суна, вайна юкъара вежаралла чIагIдан, вайна юкъахь машар а латтош».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG