ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус я мацалла?


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт
Волкова Алиса

Охан-беттан 5-чохь, кIирандийнахь, хIирийн Дигора гIалахь халкъан гулам хIоьттира. БIе гергга вахархочо доьхура шайна болх я ахча хилийтар, бохура, яц цхьа а коронавирус, ткъа нах хIусамашкахь сецор – иза уьш «кхетамчуьра баха лелош гIурт бу», цунах «тешнабехк» олу. "Кавказ.Реалиис" хаьттира эксперташка, стенна ца теша нах ун даьржаш хиларх.

Дигорарчу протестан цхьа декъашхо лецира. Полицехь де-буьйса гергга текхира цо, дIахийцира цIахь цасацарна протокол а хIоттийна.

ШолгIачу дийнахь нахе кху беттан 20-чу дийнахь рогIерчу гуламе арабовлар дийхира хIирийн опера локхуш хиллачу, хIинца блогер волчу Чельдиев Вадима. Шен Телеграм-каналехула бина цо и кхайкхам – иза а ву коронавирус яьржина бохучух цатешачех.

Пандеми яц бохучийн диъ бахьана

«Бух» («Основа») сайтан редакторна, политологна Тотров Русланна массех бахьана го коронавирус яц яьржина наха бахарца. Хьалхара бахьана ду къоьлла.

"Бинчу белхан алапа конверташ чохь схьаоьцуш хиллачу а, шаьш-шайна болх беш хиллачу а наханна къастам бан безаш дисина: я коронавирус, я мацалла. Цундела ю церан дог-ойла, «хилахьара кхунах шена луъург, ун ас лоцур делахь а, доьзал меца-м буьтур бац» бохучунна тIехь.

РогIера бахьана го Тотровна адамаш кIезиг дешна хиларца, церан кхетам лахара хиларца. Кхин а цхьа бахьана ду, боху цо, Iедалера дуьйлу гIалаташ.

"Коронавирус яьржжашехь гучуделира пачхьалкх халкъан хьашташ гучохь йоцийла. Президент юьстахваьлла, регионаш уьнца къийса цхьалха а юьтуш, ткъа массо а губернаторшна ца карийна халкъан дог хьосту дешнаш, ца хаьа цуьнца хьасартне хила», - боху Тотров Руслана.

ТIаьххьара бахаьана ду, политологна хетарехь, информаци кIезиг хилар.

" COVID-19 яржарх а, цунна дуьхьало ярах а лаьцна халкъанна вуно кIезиг хоуьйту махкахь. ГIурт бу лелориг, факташ, терахьаш харцхьа даьхна гойту, ца теша нах десачу къамелах. Оцу бахьанаша официалах кхаьрдачу кхачабо нах, «инстаграм-эвлаяаша» цхьа а бух а боцуш дуьйцучух алсам теша уьш», - билгалдаькххира Тотровс.

Тийналла а, кхерам а

Къилбаседа ХIирийчоьнан университетан ерриг историн а, политологин историн а кафедрин куьйгалхочо Койбаев Бориса бахарехь, махкахь коронавирус яржарца йолу информаци ма-ярра, алссам хаа лаьа нахана.

"Дукха бу резабоцурш – чолхе ду социалан-экономикан хьал. Политикерчу элитина ца тов и тайпа кхайкхамаш. Амма Iедале цатешам дикка хьалха айбелла бу. Делахь а, дукхахболу нах шайн цIахь Iа, низам а лардеш. Iедало адам шех тешийта деза, эладитанех теша а ца дуьтуш, дIакхачо еза халкъе информаци, довзийта деза хьал ма-дарра», - элира Койбаевс.

Информаци цхьана федералан Iедало яларх ца тоьу, махкара хьал а хила деза довзуьйтуш, аьлла хета университетан хьехархочунна. «ТIаккха хир бац Дигорахь хиллачух тера гуламаш», - тешна ву иза.

«Дукха хан ю Iедалх ца теша»

Политолога Мамиев Аслана бовзуьйту ша бина тидам: Къилбаседа ХIирийчуьрчу бахархойх дукхахберш ца теша коронавирус яьржина хиларх.

"Мехкан куьйгалло ледара баржош хила а мега хаамаш, я ца теша цунах халкъ, хаац. Бакъду, социалан машанашкахь яздечуьнга, наха арахь дуьйцучуьнга ладоьгIча, дукхахберш карабо ца тешаш, яц боху цара цхьа а коронавирус. Халахеташ делахь а, гушдерг ишта ду», - элира «Кавказ.Реалиига» Мамиевс.

Коронавирус яржарх лаьцна довзуьйтург дац адамашна Iеткъаш - шайга къоьлла йоссар ду. Уьнца доьзна пачхьалкхехь дехкарш кхайкхошшехь, доьзале кхочу напха дIалекъна дукхахболучийн, боху Мамиевс.

"Бехаш мохк республика ишта а бацара. «Къен» дош багахдаккха хала ду суна, аьр ас, вуно-вуно ледара хьал лаьтта мохк бу хIара. Хенера буьйлу нах халла. Муьлхха а «дагахь боцу бала» шен белшашна тIебожар халонга долу, цундела наха ма-хуьллу дуьхьало а йийр ю. Урамашкахь уьно охьаэгийна Iохкуш декъий дац эзарнашкахь, яхначу заманашкахь санна. Цундела нах ца кхета, уьш кхета а ца бо. Я Iедало дуьйцучух тешаш а бац нах. Тахана Iедалхоша мел бакъдерг дийцарх а, байна нехан царех тешам, дуккха а хан хьалха байна», - аьлла го махкара сурт политологна Мамиевна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG