ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Новая" газетан редакторо жоп делла Кадыровна


"Новая" газетан коьрта редактор Муратов Дмитрий
"Новая" газетан коьрта редактор Муратов Дмитрий

"Новая" газетан редакторо Муратов Дмитрийс жоп делла Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна, де хьалха "нохчашна дуьхьал гамо" лелорна хьоста бехке а деш, журналистна Милашина Еленина ен кхерамаш тийсарна. Znak.сom интернет-сайтна еллачу комментарехь Муратовс дIахьедина, шаьш зорбане яьккхинчу артиклна реза цахиларх Кадыровс я цуьнан пресс-секретаро шайн редакци шаьш кхета а деш аргументаш яхкийтахь, ша жоп зорбане доккхур ду аьлла. Коьртачу редакторо билгалдаьккхина, "карарчу беттан 30-чу дийне кхаччалц шаьш хьоьжуш ду" аьлла.

Кадыров "бьюти-блогер" ву а олуш, Муратовс билгалдаьккхина, нохчийн урхалхочо "Новая" газетех йолу шен посташ, "Роскомнадзоран дIакъовла лаам хиллачу" Телеграмехь зорбане йоху, ткъа ша официалан хьост ца лору иза аьлла.

"Iамеркахойн мессенджерехь Кадыровс бехкаш доху тхоьгара, тхо Iамеркан мехаллаш хьалхатоьтту трансляторш ду бохуш. Цундела оха йоьшуш яц телеграм"", - дIахьедина Муратовс.

Ишта коьрта редактора дехар дина Znak.сom интернет-сайтан корреспонденте, Кадыровс ден мехал гIуллакхех яздар а. Редакторо билгалдаьккхина, кхераме лазар кхеттачу Оьрсийчуьрчу цхьана берана дарба дан Кадыровс ахча далар.

Кху деношкахь Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь а. инстаграмерчу пена тIехь а шога критика йинера "Новая" газетана а, спецпроектийн декъан редакторна Милашина Еленина а. Бахьана дара, Нохчийчохь коронавирусан ун даьллачу нахана Iедалхой тIаьхьабовларх цо язйина материал.

"Шайн цамгар къайла а хьош, цIахь леш бу и нах", "ткъа Кадыровс коронавирусан ун кхеттарш террорхой лерина, цаьрца къийсам латтабе" аьлла, тIедожийна бохуш, яздора Милашинас.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо бакъ ца йира и информаци, малхбузена бохкабелла, малхбузен къайлахчу сервисашна болх беш бу и нах аьлла, дIахьединера цо. Оьрсийчоьнан ФСБ-не а, гIалатваьлла хьостан спонсор леринчу "Газпром" корпорацига а кхайкхамбира Кадыровс, Милашина сацае аьлла.

"Нагахь санна, оха зулам дан шу лууш делахь, ишта схьа алийша, - яздира Кадыровс. – Цхьаммо шена тIелоцур ду жоьпалла, цул тIаьхьа низамехь ша динчух жоп а лур ду. Набахтехь хан а текхна, аравер ву-кх иза!"

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG