ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Къилбаседа Кавказерчу туризмах лаьцна дицдан мегар ду гергарчу 20 шарахь"


"Эльбрус" курорт
"Эльбрус" курорт

ХIокху материалан автор ю Кавказ.Реалиин корреспондент Саламова Елена

Туризм хир а юйте, боху хаттар хIоттийна коронавирусан пандемино.


Коронавирус яьржаш а йолуш, Оьрсийчохь дIасалелар дехкаро вуно луьра Iаткъам бина бизнесна. ДIачIаьгIна ю ресторанаш, буьззинчу барамехь я цхьана декъана дихкина ду тобанашца махкахула дIасалелар. Ткъа цо сацийна экскурсийн тураш яр.

Къилбаседа Кавказехь уггар якхийчерах йолчу Ведучи а, Архыз а, Эльбрус а курорташа дIаерзийна сезон дIабаханчу Зазадоккху-беттан 28-хь. Къилбаседа Кавказан курорташ кхиоран корпорацин сайта тIехь тахана а гойтуш ду уьш болх беш хир ю Оханан-беттан 6-чу кхаччалц бохуш. Амма сезон чекхяьлла ткъа когсалазийн курорташкарчу веб-камераш гойтуш яьсса гIайгIане ламанан басенаш.

Оьрсийчохь дIасалеларна тIехь Iуналла дар чIагIлуш делахь а, курорташкахь болх беш болу нах сатесна бу хьал хийцалур хиларе. Эльбрус курортехь сацам бина керла канатан ши некъ билла. Иштта дагалаьцна ду аьхка Советан заманахь дуьйна хилла Архыз -- ЦIен ирзу (Красная поляна) гIашлойн маршрут денъяр.

Догдиллина яц Нохчийчоьнан туризман министралла а. Уггар луьра карантинан дехкарш юкъадаьхначу республикехь, конкурс кхайкхийна уггар хаза сурт даккхаран. Толам баьккхинчун лур ю… цхьа кила имбирь (занжабил, Ӏамбар).

Билгалдаккха деза регионерчу Iедалша даиман а къаьсттина тидам тIебохуьйтуш хилар туризмана. ХIинцца дара Iедалша кхечу пачхьалкхашкара, шайна юкъахь Китай а, Израил а йолуш, туристаш балош шаьш кхиамаш бахарх хьокъехь дIахьедарш дина.

Туризман жима фирманаш дIоггара хиндолчу диканах тешна йолчух тера дац. Дагестанера "Кубачи тур" компанин долахочо Куртаев Руслана дийцарехь, цара дIачаьгIна шайн ерриг а программаш, юхабаьхна дIасалела ойланца кхечу туризман фирманашца бина берташ. Цунна хетарехь, туризм чIогIа мехала гIуллакх ду Дагестанна, ткъа цу сферехь болх беш йолу жима фирманаш дуккха а ю республикехь.

Дагестанерчу туризмана дина тохар цкъачунна ирча бохаман чулацам болуш дац, аьлла хета республикерчу экономистана Дохолян Сергейна, Къилбаседа Кавказерчу республикашкара туризм дIоггара шуьйра яьржина ца хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG