ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

" Коронавирус яц кхерамениг». ХIусам йоцчу нехан дахар а, пандеми а


Иванова Евгения, Маршо Радио, оьрсийн сервис

Калининградехь Iедало цхьана категорина магийна карантинан хьелашкахь алссам гулъяла – хIусамзачу наханна. Уьш меца буьсур бу царна дIасалела дехкахь. «Адамашна – чорпа» проектерчу волонтёраша 10 шо ду къоьллин ор чохь бисинчу наханна юуург йоькъу. Ткъа оцу бахархошна вац хIинца арахь кепек кховдо стагга а – меца буьсур бу когашца рицкъ ца лехахь.

ХIора сарахь, 6 сахьт даьлча, цхьана метте йохьу Калининградехь юург – чорпех буьззина 30 литр чуйоьду яй. Итт шера чохь хIусамаш йоцу нах боьлла хIума кхалла центрерчу парке лела.

Проектанна гIодечийн могIарахь ю Калинградера ресторанаш. Цара, рогIехь денош а доькъуш, йо хIусам йоцчу наханна юуург. Яц иза кхечу наха йиинчух юьсург, леррина кечбеш кхача бу. Амма коронавирусо йохийна массо а боьлла йолу кеп: ресторанаш чIаьгIна ю, чорпа ян цхьа а вац.

– Селхана а ца хаьара тхуна тхаьш хIун дан деза, кхетара, оцу наханна юург яла езийла, уьш ишта а бу арахь баха бисина. Оха гIалин администрацига ехна тхаьшна тхайн гIуллакх дIакхехьа бакъо. Тахана жоп делла: магадо хIусамза болчу наханна юург яла, сихха, цIенна леладе аьлла иза, - йоккхаеш дуьйцу волонтера Шпунтенкова Марияс.

Цхьана ресторанан белхахой резахилла, балха ара а бевлла, тхов боцчу адамашна юург ян. Шайн «клиенташ» цабахкарна кхоьрура кхача кечбийраш а, волонтераш а юьхьанца – йиллинчу метте веана гуш вацара селхана цхьа а. Амма телефонан зIенехула хиира хIусамзачарна шайна юург лур йолуш юйла – сарахь парке баьхкира уьш.

Ша чорпа чохь лаьтта яй беллале, Шпунтенкова Марияс дийхира шен «хьешашка», кара цхьацца элп а эций, царех «Баркалла, Калининград» йоза хIоттор. Карантин яра аьлла ца Iаш, кхача кечбечарна а, дIасабоькъучарна а, гIалин администрацина а ду и «баркалла». Бакъду, флешмоб яхло: элпаш Iункар-бертал а дохий, гойту хIума яа баьхкинчара!

Оцу юкъанна, фартукаш, каранаш, масканаш шайна тIехь дIанисъеш хьийза волонтераш. ХIума яа баьхкинчарна дезинфекци йо. Боьхачу, хебначу куьйгашна тIе комаьршша Iена санитайзер. Дуьхьал вац цунна цхьа а.

Хаьа суна, коронавирус сайна кхераме юйла. …Амма чорпа яа а ма лаьий

Волонтерашна бевза шаьш кхача мел луш болу нах, церан дахар. Кхолламаш шайн-шайн бу церан, ткъа юкъара хьал ду тхов бацар, уьш вовшех бозуш хилар.

ТIаьхьа висина, ведда вогIу карахь боккха тIоьрмиг болу Ноздрин Сергей.

-БархI аптекех чекхвели со, цхьа маска яц юхкуш. Баккъал а эца воллурий со-м! – дуьйцу цо.

Тамаше делахь а, масканаш а йоьхкина бу цхьаболу хIусамзахой. Бакъду, ца тешало оцу масканаша уьш уьнах ларбийр бу бохучух. Цхьана зудчо боху, масала, шена маска дарбан хIусамо нехаш кхуьйсучу гIутакхахь карийна.

Цхьа пекъар ю йоккха стаг Баба Валя. Цо ша йина шена маска – бетах хьокху кехат шалха а тоьхна, цу тIехула лагдохдийриг а йихкина.

- Ас цунна дезинфекци ен хи тоьхна. Хаьа суна сайн хенарчу наханна къаьсттина кхераме юйла коронавирус. Ткъа хIун ден ас? Чорпа яа а ма лаьий. ХIинца муьстаргех йина, чомехь чорпа ю, суна чIогIа дарбане ю иза, - боху йоккхачу стага. Минот ялале боий йолу иза шена боьттина кхача. «Цуьнан воI маларх воьлла, цуьнгара пенси дIа а дохуш, муьйлу», - дуьйцу волонтера.

Пхьор деш Iен Ноздрин Сергей воккхаве шена карийначу хIуманех, тIоьрмиг чуьра хьала а йохуш, оьхьу цо уьш гонахарчарна.

Хийла хьашт йоцург оьцу наха…

- Хьовсал шу, суна тахана нехийн гIутакхахь хIун карийна! Дукха а ю тамаше хIуманаш: чIичI-аьлла косметика, зока, суьртан гур, ткъа хIара ю, хуучара аьлла соьга, цхьацца хIуьцI-пIуьцIалг тIеуллург.

И «хIуьцI-пIуьцалг» стенна оьшу, хаьттича, гучудолу иза зуда йолуш хилар – аьтто баьлла-баьллачохь хан йоккху цушимма. Еха ойла а ца еш ло Сергейс жоп:

- Ас иза «мезийн базарахь» («блошиный рынок») дIаюхкур ма ю! Нах лела цига, туьканаш къевлина ю, яьлла лела боху – хIун ю иза? – еврогриппус. ДIаюхкур ю ас базарахь. Хийла хьашт йоцург оьцу наха…

Трудова Лора ша ю хIусамза, амма еха наханна буьйса яккха лучу чоьнашкахь. Волонтер ю иза а. Ша санначарна ша хаза а хеташ гIо до, боху цо. Цунна тIаьхьадедда лела арахь кхиина жима жIаьла Марго. Бакъду, ца кхечи жIаьлина кхача – цу сахьта бассий наха 30 литр йолу яй.

Волонтераша доьху гулбеллачаьрга дистанци ларъяр, амма хIусамзачарна бен-башха бац уьно бохьу кхерам. Массо а гулло чорпин ена гонах. Амма шайна кхача буттушехь бовлу гIенташ долучухьа дIаса. Бепигца цхьаьна хохан дакъа а ло хIусамзачарна. Хохо нах муьлххачу а цамгарх ларбо, боху волонтераша.

Вирус чIагIлахь, карантин а чIагIлур юйла хуучу волонтераша эцна туьканашкара хIусам йоцчу наханна оьшунболу гIирс: дезинфекторш, деман мерзалгаш, хох, жижиг чудоьллина консерваш. Уьш шайн «хьешашна» дIасаеъка дагахь ю «Адамашна – чорпа» юкъаралла.

Ца кхоьру волонтераш наханна юкъахьийза

Хаьа волонтерна шаьш шайн дахар адамашна юкъа хьийзарца кхерамна кIел дуьгийла. Амма царна дуьххьара дац тахана халкъо лелориг – дезинфекци яр, каранаш, масканаш лелор. Уьш шайн балхахь даима а лелайо цара. Ишта боху проектан координатора Глинская Полинас.

- Ца кхоьру, хIун ду тхуна кхера? СхьадогIу, духар хуьйцу, куьйгаш дуьлу, якъайо юьхь, витаминаш муьйлу. Иза оха даима а дийриг ду. Тхуна хаьа тхаьш муьлхачу наханна юкъахьийза. Массо тайпа цамгарш ю цаьрца. Экам лела Iаьмначарна а, уьнах къайлабевлла Iечарна а цхьабосса кхераме ю коронавирус. Ткъа нах цабалийта хьийзачу тхуна оьшу кху балха лела, - дуьйцу Глинскаяс.

Иза дагахь ю шен коллегашна дуккхаза а лелон мега масканаш тега: «Уьш дешин мехах ю юхкуш, оха стенна бузош бу спекулянташ!» - боху зудчо.

Глинская Полина а, Шпутенкова Мария а
Глинская Полина а, Шпутенкова Мария а

ХIусамзачарна лийча меттиг яц

Тхов боцчу наханна йоькъур юй масканаш, шега хаьттича, олу Глинскаяс: «Оцу балханна батош цIена хила еза, амма, бехк ма билла – дечиг тIе горгам а хьарчийна, юьстах а ваьлла, йила еза церан яххьаш. Царна лийча меттиг янне а яц хIинца, цхьа сантитаран цIаналла ен меттиг яра царна Калининградехь, ткъа дIакъевлина иза ун даржарца доьзна. Католикийн килсахь яра и меттиг, цигахь яра кхача буу чоь а, лор а вара цигахь. Цигахь луьйчура и нах, цигахь мезех а цIанбора. ДIакъевлина, - боху Глинскаяс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG