ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Аьхка деша лела кийча ду бераш"


Скворцов Глеб, "Кавказ.Реалии"


Мангал-баттахь деша дуьйладала тарло бераш Къилбаседа ХIирийчохь

Бутт кхочуш бу бераш школашка лелачуьра юкъахдевлла. Юьхьанца кIиранна дехьатеттира бIаьстенан каникулаш, цул тIаьхьа, коронавирус сиха дIаер йоцийла кхетча, дистанционан кепе даьккхира дешар.

Дагадаийта деза, цхьайолчу регионашкахь шеран хьалхара ши бутт а цIахь баьккхийтира дешархошка – пехийн лазарш, грипп яьржина хиларна. Школашка бераш, доцца аьлча, кIезиг лелла хIокху шеран беа баттахь.

Дистанционан дешар аьттоне дерзийна ХIирийчохь, программаш карайирзина шайна, боху дешархоша а, хьехархоша а. "Кавказ.Реалиино" хьалхо хаийтина ма-хиллара, интернет-трафик 7-8% лакхаяьлла махкахь. Ткъа хуьлий-те тоъал пайда шех дистанционан дешарх?

Карарчу беттан юьххьехь Оьрсийчоьнан дешаран министран гIовса Глушко Дмитрийс хаийтира, дешаран шо Мангал-бутт берззалц латта мега, аьлла. Дешна бовлучарна пачхьалкхан юкъара экзамен дIаяла къастийна де ду Мангал-беттан 8-гIаниг (хьалха иза Стигалкъекъа-беттан 25-гIа де дара).

«Коронавирусца дерг муьлхачу хьоле доьрзу хьаьжжина хир ду кхидIа. Аьхка бераш деша ца хIитто гIерта тхо: я аьхкенан юьххьехь а, я дешаран керла шо хьалхе долийна а», - элира Глушковс «Вконтакте» машанахь хиллачу онлайн-марафонехь.

Цкъачунна стагга а вац хууш, маца дуьйлалур ду бераш деша

БуьритIерачу №11 школин хьехархочо Харумова Залинас бахарехь, бераш хиллане а ца хилла дистанционан дешарна кийча: «Дешаран программех кхоччуш пайдаоьцийла дац кху хьелашкахь. Дистанционан кепанна кийча беккъа цхьа дика доьшурш бен а ца карийра. Бисинчарна вуно хала ду интернетехула деша».

Мелла а бIокъажош ду БуьритIерачу Iедалх йозушйоцчу школин хьехархочун Лазарова Эльмирин къамел. Хьехархойн гIоьнца бераш кхуьу Iилма дIаэца, делахь а, виртуалехь хьоьху сахьт 30 минот бен дацаро ца кхуьуьйту уьш берриг а болх чекхабаккха, боху цо.

"Хьехархочунна шена хаьа, муьлха болх мел бала беза бере шегга Iамабайта, я рефератан, мини-проектан хьесапехь кечбайта беза. Кеп хийцаяларо дешарх догдаьккхина бераш ца гина суна: мало еш хилча а, телефон я кхин гаджет латийна Iа уьш, школе лела ца лаахь а, ладугIу геннара гучу хьехархочуьнга. Дика болх бо бераша шайна белллачу белхашна тIехь а, оха ен видео-презентацеш тергалъярца а. ЦIахь шаьш бина болх ватсапехула гайта йиш хиларх а самукъадолу церан», - боху педагого.

Амма Лазарова къера ю, дешаран жамIаш берех доьзна хуьлу: дика дешархой сихха тIаьхьакхуьу, вон доьшучийн дистанционан кепехь а ю хаарш чуэцарца халонаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG