ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бахархошна ахча дIасадекъар хьокъехь Оьрсийчуьрчу Iедалшка кхайкхам бина экономикан говзанчаша



Махкахь цхьана шарахь динчу сурсатийн а, гIуллакхийн а мехах (ВВП) 4-10 процент барамехь дакъа хьажо деза кризис йолчу ханна бахархошна а, бизнесхошна а гIортор ян. Цунах лаьцна аьлла ду "Либералан мисси" фондан экономисташа кечдинчу "Коронакризис-2020: ХIун хир ду, ткъа хIун дан деза?" цIе йолчу дIахаитарехь, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо, "Ведомости" а РБК а хьасташна тIе а тевжаш.

Цуьнан авторшна юкъахь ю экономикан Лаккхарчу школан кхиаран центран директор Акиндинова Наталья а, ткъа иштта Оьрсийчоьнан Коьртачу банкан куьйгаллехь хилла Алексашенко Сергей а, Вьюгин Олег а, Америкерчу Чикагон университетан профессор Сонин Константин а, кхиберш а.

Царна хетарехь, дуьненан экономикан цхьана шарахь динчу сурсатийн а, гIуллакхийн а механ гайтам охьабер бу 3 гергга процентана. Экономисташ дийцарехь, Оьрсийчохь и терахь хир ду 9 процент. Цул сов, Оьрсийчоьнан бахархой шайн хIусамашкара ара ца бовлуш Iаш а болуш, мехкадаьттан мехаш охьабевлла, ткъа бюджетан аьттонаш лахбелла.

Экономисташна хетарехь, ун даьржинчу хенахь пачхьалкхо бахархошна нисса неха кара (баттахь 20 эзар сом) ахча дала деза, коммуналан хьашташна ахча далар шена тIелаца деза, пенси шозза алсамдаккха деза.

Пачхьалкхана цу хьашташна оьшур ду 3 триллион гергга сом баттахь. Бахархошна гIортор ян езар ю пачхьалкхо 2-3 баттахь, аьлла хета докладан авторша.

Цул сов, царна хетарехь, Оьрсийчохь аттачу даккха деза болх ца хиларна пособи оьцуш регистраци яр, ткъа цу ахчанан барам алсамбаккха беза 25 процентана.

ДIахаийтаран авторша дийцарехь, бахархошна а, жима а, юккъера барам болчу а бизнесна гIортор еш 50 процент ахча дайа дезар ду Оьрсийчоьнан къоман хьал-дахаран фондера.

Кризис а йолуш, кхачам боллуш нахана гIо ца даро адам карзахдаккха мега боху, Сонин Константина.

Альфа-банкан эксперташа бинчу талламца, яьржаш пандеми а йолуш, экономикан кхераме зонехь ву жима а, юккъера а бизнесехь болх беш волу 6 миллион стаг а, цхьа миллион сов транспортан сферехь къахьогу нах а, яздо "Ведомости" газето.

Говзанчашна хетарехь, пачхьалкхо уггар хьалха ахча дала деза компанешна, церан белхахошна алапа дала аьтто хилийта. Иза дахь нисса дIа бахархойн кара ахчанаш дала оьшур дац.

Коьртачу банко а, Оьрсийчоьнан Iедалан векалша а цкъачунна цхьа а комментари йина яц экономистийн дIахаийтарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG