ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн журналисташа кхайкхамбина, "Новая" газета жоьпе озор доьхуш


Журналист Милашина Елена
Журналист Милашина Елена

Нохчийчуьрчу журналистийн юкъаралло кхайкхамбина ницкъаллийн структурашка, "Новая" газета жоьпе озор доьхуш, республикерчу коронавирусан ситуацех зорбане яьккхина материла бахьана долуш, яздо "Кавказ.Реалии" портало. "Чечня Сегодня" агенталлан сайтехь Iораяьккхина дIахьедаран текст.

"Нохчийн Республикан журналистийн Союзо бакъдерг дIа ца аьлча ца долу: Милашина а, цхьаболу либералан прессера цуьнан накъостий а шайн маниакале къарцадаларца тIера бу Нохчийчохь доцу зуламаш гучудаха. ХIара масийтта шо ду цара Нохчийчоь юьхьарлаьцна", - аьлла яздина журналисташа.

Изза дIахьедарца болийнера журналистийн Союзо кхул хьалха, 2017-чу шарахь "Новая" газетано Нохчийчохь Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан декъа тIехь кхелаш йоцуш нах байарх артикл арахецначул тIаьхьа, бина кхайкхам а.

ТIаьххьарчу кхайкхам тIехь нохчийн журналисташа чIагIдо, артиклан авторш "хатI доцуш Нохчийчоьнан куьйгалхо бехкеван гIерта, цо коронавирусан ун даьлла нах террорхойн могIаре баьхна" бохуш. Кадыровн контекстера шанйна ма-хеттара схьаэцна ду боху цара "Новая" хьостано пайдаэцнар дешнаш.

"Оха, нохчийн журналистийн Юкъаралло, Нохчийчоьнан республикан урхалхочунна хетарг нийса лору, карантинан низамаш лар ца деш, шен гергара нах а, боллу регионера бахархой а ца ларбен нах террорхой лору оха а", - аьлла, билгалдаьккхина цара.

Кху деношкахь Милашинас зорбане яьккхинчу материал тIехь дуьйцура, махкахь лоьрашна лардаларан гIирс тоьаш бац, ткха меттигерчу Iедалхоша лоьцуш бу, карантин ца ларъен нах аьлла. Артикл зорбане яьллачул тIаьхьа, "Новая" газетана шога критика йира Кадыров Рамзана. Регионехь ю боху проблемаш, доцург ду элира цо, ФСБ-но доладеш ду газета аьлла, билгалдоккхуш. Ишта массарна а хезаш, кхерамаш тийсира цо журналистна Милашина Еленина.

Карарчу хенахь "Новая" газетан сайтера дIаяьккхина артикл, "Роскомнадзоран" тIедилларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG