ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь цхьана буса 3448 стаг тIекхетта COVID19 вирусца


Оперативан штабан еариндийнахь Iорабаьхначу хаамашца, Оьрсийчоьнан 78 регионехь 3448 стаг коронавирусан инфекцица ву, велла 34. ТIаьххьарчу цхьана буса дарбахилла цIа вахийтина 318 вахархо, коронаврусца къийсам латточу оперативан штабо бина ишта хаамбо. Таханалерачу дийнахь верриг а Оьрсийчохь ун даьлла ву пачхьалкхан 84 регионера 27938 стаг. Эпидеми яьржичхьана велла 232, гIоле хилла 2304 вахархочунна.

Къаьсттина сиха даьржа ун Москвахь. Еаридийнахь коьртачу шахьарахь 1370 стаг тIекхетта COVID-19 йолуш, ткъа верриг а цомгашверг ву 16146 вахархо.

Яхначу буса 7 стаг велла Москвахь пневмоница а, коронавирусца а хилла. Оперативан штабо хаийтарца, бу царлахь 36 шарера 86 шаре кхаччалц нах. Оцу юкъанна дарба хилла Москвахь кхин а 189 пациентна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG