ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанерчу бахархоша дистанцин дешарх лаьцна: "ХIара ирча хьал ду!"


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ХIокху материалан автор ю Кавказ.Реалиин корреспондент Магомедова Ася


"Ца хеза!", "Ца го!", "ЗIе яц" – шай-шайн цIахь болчу дешархошна хьехар доладелла Дагестанехь. Цу тайпачу дешаран кепана тIеевлла школаш Оьрсийчохь коронавирус яржарца хIоьттина хьал бахьана долуш. Оханан-беттан 6-хь дуьйна 400 эзар бер деша доладелла республикехь онлайн рожехь.

Дуьххьарлерчу деношкахь дуьйну гучуевлла дуккха проблемаш: интернетан зIе ледара хилар а, гаджеташ ца тоар а, ткъа иштта дешаран процессехь хьехархошна гIо дан дай-нанойн лаам а, аьттонаш а цахилар а.

Цхьаболчу хьехархоша урокехь бийр болу болх дIасабохьуйту дешархошка WhatsApp мессенджерехь кхоьллинчу дайн-нанойн тобаншкахула, вукхара видеоконференцеш дIахьо цхьацца лерринчу платформашкахь, кхечара урокаш ло дешаран сайташкахь.

Цхьаверг кхин а генаваьлла: хьехархочо инстаграмехь схьайоьллу шен аккаунт, дешархой дIаязло цуьнан хьовсархой санна, ткъа урокаш хуьлу онлайн эфирехула. Бинчу белхан сурт таллам байта дIадохьуьйту хьехархочуьнга.

ХIинжа-ГIалара яхархо Камила балха лелаш ю. Шен йоIца урокаш йо цо видеозIенехула.

"Тхо долчехь ирча хьал ду. Хьалха школехь луш хилла а боцу болх ло [дешархошна] шозза алсам. Дийнна дийнахь телефонехула зIе латтош ю со. Балхахь а йолуш, видеозIенехула йоI керлачу материалех кхето гIерта со. Сайн болх бан ца кхуьу со и урокаш бахьана долуш", - латкъамаш бо зудчо.

Анжела цIе йолчу жимачу зудчуьн ши бер ду. Цу шиннах воккхаха волу кIант ша лараво дешарца, амма дерриг а де дойу цо цунна, ткъа жимаха йолчу йоIанна гIо дан дезаш хуьлу нана.

"КIант WhatsApp-ла хуьлу урокаш еш. ЙоIанна хьехархочо бан беза болх боуьйту. Ткъа ас YouTube-ла видеороликаш дIайохьуьйту хьехархочуьнга", - дуьйцу Анжелас.

Диъ бер долчу Миланас ша Iама до шен бераш. ЦIахь бина болх тIаьхьо нийса биний хьожу хьехархо. Миланин воккхаха волу кIант 4-чу классехь доьшуш ву, ткъа цхьана дийнахь йина кхо йоI шолгIачу классехь ю. Церан урокашна динна де оьшу Миланина.

"ЧIогIа хала ду. Сийсара буьйсанна 11 сахьт даллалц Iийна тхо урокаш еш. Цхьа ноутбук ю тхан. ХIоранна а лаххара цхьа сахьт деза цу тIехь болх бан.

Коьрта предметаш йоцурш Iамо безаш бу ингалсан а, ненан а ши мотт. Онлайн чу тхо наггахь а бен ца довлу. Коьрта предметаш Iамош берашна гIо деш ю денана, иза математикан хьехархо хилла ю. Иштта гIоле хир ду аьлла хета тхуна. Ноутбук оьшуш хилча ас гIо дон", - дуьйцу деа беран нанас.

Дешаран керла кеп лелош берашна а, дайн-наношна хилла ца Iаш, хала ду хьехархошна а.

"Вуно чIогIа бIаьргаш лозу сан. Шайн дахарехь цкъа а цхьа а я классехьхь бон а, я цIахь бон а болх кхочуш бина боцу бераш хьерабевлларш санна цхьаъ яздеш ду. Ур-аттала йоза дан ца хуучара а цхьаьна, цхьа тамашийна кепара кочуш дина-кх хIара шардар. Дуй боу ас, цхьана а хIуманна таллам бан хьал долуш яц со. Суна я йоккха телефон оьшу, я керла бIаьргаш оьшу", - латкъамаш бо ХIинжа-ГIаларчу школехь болх беш йолчу, шен цIе цаяккхар дехначу хьехархочо.

Ярташкарчу школашкахь хьал кхин а чолхе ду. Цигахь интернетан зIе вуно ледара ю, ткъа керлачу кепехь дешарна оьшу техника тоьаш яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG