ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь кху шарахь дуьххьара лецнарш хийцина


Оьрсийн сепаратисташа шайн контролехь латточу Донецкан кIоштахь кху шарахь дуьххьара лецнарш дIасахийцина. Украинан Iедалхошка дIавелла 9 стаг. Ткъа украинхойн набахтешкара маьршаваьккхина 10.

Бинчу бертаца кху беттан 9-чу дийнара 11-чу дийне кхаччалц дIасахийца безаш бара тутмакхаш, амма, ДНР-хь омбудсмен йолчу Морозова Дарьяс бахарехь, оьрсийн сепаратистийн карахь йолчу территори тIе дехьавала реза вацара тутмакхехь цхьахверг.

Украинан маьршабаьхначу бахархойн сурт фейсбукерчу шен агIон тIе даьккхинера Лакхарчу Радан омбудсмено Денисова Людмилас:

Коронавирусан эпидеми бахьана долуш шина кIиранна карантинехь буьтур бу маьршабаьхнарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG