ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремл: Кадыровн кхерамашкахь низамашца бIостане дерг дац


Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий
Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий

Кадыров Рамзана "Новая" газетана а, цуьнан журналистна Милашина Еленина а тийсинчу кхерамашкахь. "низамаш дохийна хIуммаъ дац" аьлла, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран пресс-секретаро Песков Дмитрийс,

Кадыровн дIахьедар листинчу Кремло, иза "тIех эмоционале" ду аьлла. Делахь а, пресс-секретаро билгалдаьккхина, "регионан куьйгалхочо ша къастош ю шен муьлхха а вистхиларан практика", цунна жоп дала дезаш ца хета Кремлна аьлла.

Карладоккху, Милашина Еленас шен материалехь яздинера, Нохчийчохь лоьрашна масканаш а, респираторш а, кхинболу оьшу гIирс а тоаме цахиларх а, Iедалхоша карантинера арабевлларш лоьцуш хиларх а. Публикаци зорбане яьллачул тIаьхьа газетана а, журналистна а шога критика йира Кадыровс, Милашинина кхерамаш а туьйсуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG