ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жимачу бизнесна гIортор ярх дIакхайкхийна Путина: цхьана стагана 12 эзар сом


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир

И ахча даларан цхьаъ бен боцу биллам бу компанехь лаххара а 90% белхан меттигаш латтор

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира кхаарин дийнахь Iедалан декъашхошца дистанцин кхеташо дIахьош дIахьедар дира, COVID-19 вирус яржар бахаьна долуш карантинан раж юкъаяккхарна алсамо эшам хиллачу жимачу а, юккъерчу а бизнесна финансийн гIо дан дезаш хилар, яздо "Американ аз" зорбан гIирсо.

Президента хьахорца, цу ахчан барам хир бу баттахь цхьана белхахочун 12 эзар 130 сом. И ахча даларан цхьаъ бен боцу биллам бу Оханан-беттан 1-чу дийнахь компанехь лаххара а 90% белхан меттигаш латтийна хилар.

Президенто дийцарехь, нагахь компани цу тӀедожорна жоп луш хилахь, Оханан-беттан ахча лур ду цунна тIебогIучу Стигалкъекъа-беттан 18-хь, ткъа Стигалкъекъа-беттан ахча лур ду Мангалан-баттахь.

Цул сов, президент дагахь ву регионашна кхин а 200 миллиард сом хьажо. Иза оьшуш ду федерацин субъектийн бюджетийн баланс ларъян. Ткъа кхин а 23 миллиард сом лур ду, коронавирусан ун даржарна, доьзанаш дIа а чIаьгIна, болх беш йоцуш йисначу авиакомпанешна гIортор ян.

ДIадаханчу дийнахь-бусий Оьрсийчохь гучудаьлла цомгуш болчу нахана тIе коронавирус хьакхаелла хилар кхин а 3 388 вахархочун. Оццу хенахь велла 28 стаг. Верриг а эпидеми йолаелчхьана COVID-19 кхетта ву Оьрсийчохь 25 000 гергга вахархо. Велла – 198. Оьрсийчоьнан Роспотребнадзоро бинчу хаамца, коронавирус кхетта хиларна шеко йолуш лоьраш тидаме эцна ву верриг а 130 эзар стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG