ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францехь догучу цIа чуьра шина нохчочо нах кIелхьарбаьхна


Домбаев Джамбулат а, Улубаев Махьди а
Домбаев Джамбулат а, Улубаев Махьди а

Францехь яьллачу цIергара нах кIелхьарбаьхна шина нохчочо. И дерриг а гинчара «Кавказ.Реалиига» дийцарехь, Монтерей-Фот-Йон гIаларчу масийттазза тIекIелдинчу цIа чуьрчу цхьана петарехь цIе яьлла хиллера кхаарин суьйранна. Луларчу хIусамашкахула дIасаяьржинера цIе. Иттанаш нах бисинера къевлинчу шайн хIусамашкахь, баьллачу кIуьро дуьхьало а йина.

Оццу кIоштахь вехачу шина нохчочунна гина хиллера цIе яьлла. ЦIе кхерстачу лакхарчу балконаш тIехула маса хьалатасавелира и шиъ, цIеяйархой бахкаре а ца хьоьжуш. Ка ма йоллу нах арабохура цара. Йогучу петаран балкон тIехь цхьана вахархочо яьккхина видео сихха яржйира интернетехула. Цу тIехь гуш ду, вовшашна гIо а деш, петар чохь висина хилла Iадийна гIеметтахIоьттина стаг аравоккхуш жимчу шина стага.

«Кавказ.Реалиин" информацица, 33 шо долу Домбаев Джамбулат а, 40 шо долу Улубаев Махьди а хиллера и шиъ.

Улубаевс портале дийцарехь, суьйранна догуш хиллачу цIенна гена воццуш урамехула волалуш хиллера иза а, цуьнан доттагI а. ТIегулделла адам а, корашкахула араоьху кIур а гича, хьаьдда тIевеанера и шиъ а.

«Нах паникехь бара. 10-х шо хир долуш кIант гира тхойшинна, цIенна гонах мохь а бетташ, ведда лелаш. Балконехула охашиммо тIаьхьо араэцначу стеган кIант хиллера иза. Ойла еш Iен хан яцара, нехаш чу тосу бак бертал а хIоттийна, цу тIе а ваьлла, кхин дIа перилаш тIехула тIекхечира тхойшиъ», - аьлла, дийцина жимчу стага.

Цул тIаьхьа кхечира цIеяйархой. Оцу яьллачу цIергахь жима зуда а, цуьнан кхо шо долу бер а делла.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG